Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июль
2019

Новости за 17.07.2019

Radiomarsho.com 

Керла муфтий хаьржина ГIалгIайчохь

15 шарахь ГIалгIайчоьнан муфтий лаьттинчу Хамхоев Iийсас шегара дарж охьадиллина. Iеламнехан кхеташоно а, имамаша а Динан урхаллехь къобалвина республикехь къеда лаьттина Мартазанов Iабдурахьман. Iеламнехан Кхеташонан декъашхоша а, имамаша а, шайлахь 47 стаг а волуш, кхаж тесна Мартазановна. Виъ декъашхо юкъархилла вац кхаж тасарехь аьлла, хаамбина шен сайтехь "ГIалгIайчоь" газетано. Кхеташонан юьххьехь Хамхоевс тIаьххьарчу пхеа шерачохь ша бинчу балхах дийцина, цул тIаьхьа муфтийн дарже шайн-шайн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

300 эскархо юхавирзина Нохчийчу Шемара

ТIеман полицин дакъошкара 300 эскархо Шемара Нохчийчу юхавеана аьлла, хаамбина ТАСС агенталло. "Нохчийчуьрчу цара куп тоьхначу территори тIехь цаьрга маршалла хоттуш митинг хIоттийнера хьаькамаша", - аьлла бу хаам. ТIеман а, транспортан а Ил-76 кеманаш тIехь Шемара Къилба ХIирийчуьрчу аэродроме кхачийнера полисхой. Урхаллан а, пачхьалкхан а цIарах совгIаташ дина царна. Йолчу информацица, Стигалкъекъа-баттахь дуьйна Шемахь яра нохчийн тIеман полици "оьрсийн эскарийн тобанийн гIишлошна ха а деш, маьршачу нехан къепе а, маршо а Iалашъеш".

Radiomarsho.com 

Доза къуьйсу гIалгIай лоьцуш бу хIинца а

Жигархо Саутиева Зарифа лаьцна деношкахь. Нохчийчоьнца доза къастош мехкан куьйгалхоша бинчу бертанна резабоцучийн протестан декъашхо ю иза. Репрессеша хIаллакхбинчу махкахойн дагалецамийн комплексан директоран гIовсан даржера яьккхина иза ша лаццале. Оццу дийнахь лаьцна "Фортанга" сайтан администратор Майсигов Решед а. Оьрсийчуьрчу интернет-хьасташна тIехьожучу Роскомнадзоро дIакъевлина оппозицин "Фортанга" сайт.

Radiomarsho.com 

Венехь нохчочунна урс тоьхнарг овхIанхо ца хилла

Венехь Дунай хийистехь хIора шарахь дIахьочу музыкан (Donauinselfest) фестивалехь урс тоьхна, лазийнера Нохчийчуьра 26 шо долу жимстаг. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте Венерчу полицехь хаамбарехь, чолхе чов лайначу цо меттавеанчул тIаьхьа, ша шек ву аьлла, шена тIелеттарг 22 шо долу овхIанхо вара аьлла. Полицин пресс-секретаран дешнашца, лаьцначо юьхьанца дуьйна а тIе ца дуьтура, ша зуламна бехкехилар. И шиъ дуьхь-дуьхьал хIоттийначул тIаьхьа, лазийначу нохчочо, бехкбоцург ву аш лаьцнарг аьлча, овхIанхочунна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ловзарна – къоман гур

Черкес Лариса Чергазийн ловзар муьлхачу хотIехь, муха дIадахьа деза гойту кодекс хIоттийна Адыгейрчу этнографаша Шайн къоман барта кхолларалла евзачу Адыгейн Республикерчу Iилманчаша чергазийн ловзаран ламасташ чулоцу сценарий хIоттош дайъина масийтта шо. Кечйина кодекс дIасахьажийна джегуакошка – зуда ялийначохь ловзар дIакхоьхьучу говзанчашка. Проектан автор ю филологин доктор Унарикова Рая. "Кавказ.Реалиица" шен хиллачу къамелехь цо йовзийтира ша а, шен накъосташа а юхьарлаьцна Iалашо – чергазаша зудаялор муха доладо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мексикан кхело 37, 5 шо хан тоьхна Оьрсйчоьнан вахархочунна

Оьрсийчоьнан вахархо Макеев Алексей стаг верна бехкехилар тIечIагIдина Мексикан кхелахоша. 37 шо а, ах шо а хан кхачийна цунна, иштта тIедожийна ша вийначун доьзална 21 эзар долларшкахь компенсаци яла а. Кинтана-Роо штатан прокуратурано шайн сайтехь бина цунах хаам, яздо "Настоящее время" хьостано. Alextime цIе а лелош, 2013-чу шарера схьа дуьйнна интернетехь видеош зорбане йохуш хилла цо, бераш а, заьIапхой а, пенсхой а сийсазбеш. Мексике Iен-ваха дехьаваьллачул тIаьхьа а саццанза агрессиве роликаш йохуш, уьш Iорайохуш хилла Макеевс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан а, Украинан а омбудсменаша Путине тутмакхашна гечдар доьхур ду

Шайн пачхьалкхийн кхечу территори тIехь набахтехь латточу бахархойн тептарш вовшашка дIасаделла шинаридийнахь хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу федералан векало Москалькова Татьянас а, Украинан омбудсмено Денисова Людмилас а. Шайн бахархой цIаберзон Iалашонца "некъан карта" хIоттийна цушиммо, доккхачу декъанна бартбина шина а пачхьалкхан президенташка Путин Владимире а, Зеленский Владимире дехар дийр ду, лецна латточарна гечдар доьхуш аьлла. Хаамбарца, Денисован тептарехь ву 150 стаг. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIирмехь нохчо лацар толлуш ву нохчийн омбудсмен

ГIирмерчу Черноморскехь нохчочо меттигерчу вархочунна урс диттина аьлла, зорбанашкахь яьржина информаци толлуш ду шаьш аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис. Кху беттан 11-чу дийнахь ГIирмерчу Черноморскерчу бара хьалха Нохчийчуьра вахархо лаьцна полисхоша аьлла, яздира "Комсомольская правда" газетано. Полицин урхаллан пресс-гIуллакххойн информацица, къаьркъа мелла иза конфликте вийла гIерташ хилла баре баьхкинчаьрца. Цара бахарехь, 49 шо долчу меттигерчу вахархочуьнца дов а даьккхина, уьрсаца тIелетта иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Наркотикаш лелийна аьлла, шеконашка эцна полисхоша гIалгIайн журналист Майсигов

Журналист Майсигов Рашид шина баттана талламан изолятор чохь вуьтуш сацамбина Магасан кхело. Иза бехкево наркотикаш латтийна аьлла. Кхелахошна латкъамбан дагахь ду шаьш аьлла журналистан адвокато Аушев Мохьмада. "Кавказский узел" агенталло хааме даьккхинера дахначу пIераскандийнахь журналист Майсигов лацарх. Полисхоша кIентан нене дийцарехь, цуьнан хIусамехь кIайн хIур чохь йолу пакет а, "Гуьржийчоьнах лаьцна кехаташ" а карийна. Боккхачу барамехь наркотикаш лелийна цо аьлла, шеконашка эцна Майсигов. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

МухIажирех бакъонашларъярхоша бина хаам харц бу аьлла Нухажиевс

Бакъонашларъяран "Гражданское содействие" организацино Оьрсийчуьра Европе дIаоьхучу мухIажирех арахецна рапорт "харц дезинформаци" ю аьлла Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. Европехь тховкIело лоьхурш доккхачу декъанна Нохчийчуьра бахархой бу аьллачу информацех комментари еш дIахьедина цо "юха а негатив тIейоьттина  Нохчийчоьнна" аьлла. "Оьрсийчоьнан бахархоша хIунда йоьху Европехь тховкIело?" аьллачу шайн рапортехь "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас чIагIдо... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *