Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Путин Кремлера эккхо Москох воьду шаман лачкъийна Якутехь

Еарин буса Якутехь лаьцна, дIавигина Путин Кремлера "эккхо" араваьлла, Москох некъ эцна воьду шаман Габышев Александр, хаамбо "Сибирь.Реалии" проекто. Цо дийцарехь, Иркутск мехкан дозанерчу Выдрино юьртахь буьйса йоккхуш хилла иза, цуьнан Iойла йолчу массех машен еача. ТуьтмIаьжигашкахь болчу наха шен йийбар, духар чохь лелочу гIудалкхца цхьаьна иза дIавигина меттиг хууш яц.


"Некъ къевлинера герзаш карахь долчу наха, сихха гобира шаманан а, цуьнца некъбечийн а четаршна. Иттаннашкахь бара баьхкинарш", - дуьйцу шаманца хиллачара.


Цара бахарехь, туьтмIаьжигашкахь хиллачара ца аьлла шаьш муьлш ду. Некъ бихкина, телефонан зIе хадош болу гIирс хилла шайца. Шаманца цхьаьна дIавигина кхин а массех цуьнан некъан накъост.


Габышев волу меттиг хууш яц. "Сибирь.Реалиига" хилларг дийцинчарна хетарехь, къайлахчу сервисера бу шаман лачкъийнарш.




 


 Znak.com портало, цхьана тешанна тIе а тевжаш, баржийначу хаамца, Габышев лаьцнарг полици хила а тарло – "Экстремизм яржош йолу юкъаралла кхолларна" олучу низамца иза маршонах ваккхархьама.


Генарчу Малхбаленан некъаш тIехула ах шо дара якутийн шаман Габышев Александр гIаш Москох кхача араваьлла. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президентах "жин" доьлла, и хьал шамане бен листалур дац. Кремл чуьра Путин араваккха воьдуш ву ша, олура Габышевс. Ши бутт хьалха, иза Чита кхаьчча, цо арабаьккхина некъ къобалбеш, гуламе велира меттигера 700 вахархо.  

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *