Мел лахара а 30 маьрша вахархо вийна овхIанхойн тIемалоша
"35 маьрша вахархо вийна цигахь, 13 стагна кеп-кепара чевнаш йина. Хаксар кIоштарчу Муса-Калахь дIахьочу ловзаргахь дакъалоцуш хиллера и нах", - аьлла Гильменд провинцин кхеташонан декъахочо ОвхIан Атауллас.
Оццу кхеташонан кхечу декъахочо Ахундзада Iабдул Маджида дIахьедина, вийнарг 40 маьрша стаг ву аьлла.
Ишта Iамеркан буьйранчийн информацица, 22 тIалиб вийна цигахь. Провинцин губернаторан офиса векало Звак Омара 14 тIемало ву боху вийнарг, шайлахь 6 кхечу пачхьалкхан вахархо а волуш. Маьршачу нахалахь беллачийн терахь зуьйш ду аьлла, дIакхайкхийна цо.