Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Сентябрь
2019

Новости за 23.09.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радиона делла жоьпаш

ТIаьхьарчу хенахь террорхой бу а бохуш, хIаллакбо кегийрхой. Къаьсттина Нохчийчохь а, ГIалгIйчохь а, Дагестанехь а цхьана кепехь бойуш бу: цо герз тоьхнера ницкъахошна, ткъа полисхоша цунна дуьхьал герз тоьхна вийна, олий. Оцу тIехула Маршо Радионо шун кхеле даьккхинера хаттар: Шу теший Iедалан версех? ЖамIаш ишта ду.

Radiomarsho.com 

Оьрсийн регионашлахь уггар а кIезиг къаьркъа молу Нохчийчохь

Дуьнеаюкъарчу FinExpertiza аудиторан-консалтинган машан аналитикаша Iорадаьккхинчу терахьашца, уггар а кIезиг къаьркъа молучу регионашлахь хьалхара ю Нохчийчоь. Талламаш бечу хенахь тидаме эцна 2018-чу шарахь доьхкинчу къаьркъан барам 2010-чу шарахь хиллачу суьртаца а дустуш. Долчу зерашца, юккъерчу барамехь оьрсийн бахархоша шарахь молу 26, 65 литар корта бахон малар. Ткъа Нохчийчохь молу 0, 1485 литар. 85 регионашлахь бинчу талламашца уггар а тоьлла гайтам бу иза. Нохчийчоьнна тIаьхьайогIу ГIалгIайчоь а (0,6223), Дагестан (2,331) а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (23.09.2019)

Холмачалла лелон нах лецна, уьш таIзаре хIиттийна Соьлжа-ГIалахь юха а, Путинан а, Медведевн а суьрташ кешнашкахь жIараш тIехь латтор толлуш ду, Оьрсийчоьнан рекордийн Книги юкъахь ву Нурмагомедов Хьабибан да. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Мел лахара а 30 маьрша вахархо вийна овхIанхойн тIемалоша

ОвхIанистанан къилберчу Гильменд провинцехь мел лахара а 35 маьрша вахархо вийна. 13 чевнаш йина овхIанхойн тIемалоша динчу тохаршкахь. Яхначу буьйсан юккъехь тIалибаша Iожалхой кечбечу гIишлонехь спецназо рейд дIахьочу заманчохь хилла ду и зулам, хьаькамаша дийцарехь. ТIелатар дечу хенахь тохарш дар нисделла кхара Iалашо лаьцначу меттиган гергахь хIоттийна ловзар хиларна. "35 маьрша вахархо вийна цигахь, 13 стагна кеп-кепара чевнаш йина. Хаксар кIоштарчу Муса-Калахь дIахьочу ловзаргахь дакъалоцуш хиллера и нах"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Вийначу Круг Михаилан гIуллакх таллар цхьалхадаьлла аьлла Талламан комитето

2002-чу шарахь вийначу иллиалархочун Круг Михаилан гIуллакхах йист яларх хаамбина Талламан комитето. Официалехь Круг вийначун цIе а йоккхуш, урхалло дуьххьара ма дарра дийцина оцу зуламах лаьцна. Хьалхо, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхначу  "Тверские волки" зуламан тобан декъашхочо Агеев Александра мукIарло динера Круг верах. Веселов Дмитрий цIе йолчу кхечу тобанхочо вийна иза аьлла, дIахьединера цо. Талламаш дIахьочу юкъанна Агеевс дийцинера, Круга цIа чохь къола дан Iалашо хиллера шайн, цул тIаьхьа цунна шантаж ян дагахь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан рекордийн Книги юкъахь ву Нурмагомедов Хьабибан да

Дуккхаъ а самбон чемпионаш кхиорна Оьрсийчоьнан рекордийн Книги юкъа вахийтина тренер Нурмагомедов Iабдулманап, яздо "Обзор" хьостано. Официалан терахьашца а догIуш, 18 дуьненан чемпион кхиийна Нурмагомедовс. Ву царлахь цуьнан кIант UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб а, спортхой Хабилов Рустам, Мамедов Ислам, Магомедов ИбрахIим, Магомедов Магомед, Завуров Шемал, Джабраилов Джабраил, Алхасов Магомед ишта кхи дIа болу самбон латархой а.

Radiomarsho.com 

Путинан а, Медведевн а суьрташ кешнашкахь жIараш тIехь латтор толлуш ду

Смоленскан кешнашкахь жIараш тIехь латтийна шина сахьтехь Путинан а, Медведевн а, Песковн а, Собянинан а, Шойгун а, Бегловн а, кхиболчу баккхийчу хьаькамийн а суьрташ кху беттан 19-чу дийнахь. Шина дийнахь лехнера полисхоша бехкенаш, эххар а лецна  "Агитроссиян" кхо жигархо – Жексимбаев Андрей а, Иванкин Павел а, Кудрявцев Григорий а. Кхааммо а бехкаш тIе ца лоцу, шайн алиби а, телефонаш дIасайиттина биллингаш а тоьшаллаш ду, шаьш кешнашна герга аьттехьа а дахна дац бохуш, дIахьедо цара. Василеостровскан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Петербургехь хиллачу летаршкахь чевнаш йина Дагестанерчу бахархошна

Санкт-Петербургехь иккхинчу конфликтехь лазийна Дагестанера схьаваьлла мел лахара а пхи вахархо. Лазийнарш дарбан цIийне кхачийна. Петербургерчу Фрунзенскан кIоштахь кеп-кепарчу къаьмнийн векалшна юкъахь дов даьлла хилла. Летарш хилла яхначу пIераскан буса. Оцу летаршкахь 16 стаг хилла.  Цаьрга хьожуш Iийначара дийцарехь, герзаш дуьйлуш хезна царна, ткъа дарбан хIусаме балийначарлахь уьрсан чевнашца берш а бу. Лазартне кхачийначарех пхиъ Дагестанера ву, цхьаъ Азербайджанера ву яздо "Фонтанка" газетано, полицерчу шайн хьосташна тIе а тевжаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ахшарахь кIант дIаволла йиш йоцуш, шен кертахь иза лаьттах воьллина латтийна Донбассерчу 80 шаре яьллачу нанас

Донецкаца доза къаьстачу Опытное олучу эвлахь ехаш ю 80 шо долу Горинич Мария. Саццаза деттачу герзаша цкъа цIийнда вийра цуьнан, юха кIант. Эхашарахь шен кIант дIаволла аьтто боцуш, шайн бешарчу лаьттах воьллина латтийнера цо. Цул тIаьхьа каяьллера цуьнан доьзалхо кешнашка дIа а ваьхьна, лаьтте кховдо.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан премьер-министран гIовс ю Амриева Марьям

ГIалгIайчоьнан премьер-министран гIовсан даржехь чIагIйина Амриева Марьям. Социалан блоках жоп дала хьакъ хир ю иза. Республикерчу Халкъан собранин 6-чу гуламан депутат яра Амриева 2016-чу шарера схьа дуьйна. Парламентехь цо урхалла дора дешаран, културан, динан организацешца йолчу уьйрийн комитетан.

Radiomarsho.com 

Холмачалла лелон нах лецна, уьш таIзаре хIиттийна Соьлжа-ГIалахь юха а

Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанахь ши зуда а, цхьа стаг а лаьцна полисхоша, холмачалла лелош хилла аьлла, бехкебина. Шайн гергарчу нахаца цхьана пачхьалкхан "Грозный" телеканалахь эфирехь бехкаш даьхна цаьргара. Телехьожийлан корреспонденто дийцарехь, 30-х гергга шо а хилла Чакаева Зинас шарлатаналла лелон. Соьлжа-гIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, Iеламчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, ша хIинццалц схьа Iорабаьхначу "магашца" дуьстича, Чакаевас Iаламат шуьйрачу кепехь кхочушдеш хилла шен клиентийн хьашташ. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *