Донецкаца доза къаьстачу Опытное олучу эвлахь ехаш ю 80 шо долу Горинич Мария. Саццаза деттачу герзаша цкъа цIийнда вийра цуьнан, юха кIант. Эхашарахь шен кIант дIаволла аьтто боцуш, шайн бешарчу лаьттах воьллина латтийнера цо. Цул тIаьхьа каяьллера цуьнан доьзалхо кешнашка дIа а ваьхьна, лаьтте кховдо.