Украинехь лаьцна Илаев Интерполон тептарехь вац аьлла цуьнан адвокато
"Лионера кхаьчна тхоьга ишта кехат. Цо тоьшалла до, Илаев Украинерчу полицига Оьрсийчоьно тIедилларца лаьцна хилар", - хоуьйту Ангеловс.
Цо билгалдаьккхина, Инарла прокуратуре а, Илаевн гIуллакхна тIехула экстрадицин таллам бечу Харьковн кIоштан прокуратуре а ша кехаташ дахьаийтарх, ситуацех кхетор доьхуш.
"Оьрсийчуьра даьхкина кехаташ луьстуш ду шаьш боху цара. Шаьш иза дIа ца велча ца довлу, хIунда аьлча, тIаккха Оьрсийчоьно цигахь хьулбелла шайн зуламхой схьалур бац боху цара. Оьрсийчоьно ишта а схьа луш бац Украинехь кхел йина, гоьбевлла политикаш ас аьлча, цкъа мацца белла а лур бу элира соьга", - дуьйцу адвокато.
Дахначу еаридийнахь Харьковн кIоштан кхело кхин а шина баттана Илаев лаьцна вуьтуш сацамбина.
Маршо Радионо яздира, Илаев Амхьад Украинехь лацарх, цо Нохчийчохь стаг вийна, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла, Оьрсийчоьно еллачу информаци тIехула. Адвокато Ангеловс чIагIдарца, 2008-чу шарахь дуьйна Украине сехьа а ваьлла, Харьковн кIоштахь вехаш хилла Илаев.