Маьждигна къоладан гIоьртина Дагестанехь
Сеталца [screwdriver – инг., отвертка – оьрс. - ред] ботт елла гIерташ лаьцна ши кIант. Ткъа хехо, ца водуьйтуш, шаьшшиъ сацо гIоьртича, сеталца дуьхьалойина. Хехочух тийсабелла уьш, амма вукхо травматикан тапчанца цхьанна яйн чов йина.
"Чов йоккха яц, иза лоьрашна тIевигина. ШолгIаниг полице кхачийна. Цкъачунна толлуш ду хилларг, лаьцна вац шиннах цхьа а", - элира полисхоша.