Шеман къилбаседанерчу конфликтна юкъагIорта лаам бац шайн аьлла Кремло
Кремлан векало дийцарехь, оьрсийн а, туркойн а Iедалхоша а, буьйранчаша а вовшашца латтош уьйраш ю. Песковс билгал ца даьккхина, шина пачхьалкхан векалшна юкъахь Шемарчу хьолах барт хиларх.
Карладоккху, курдаш террорхой лору Хонкарас. КIирандийнахь хиллачу информацица, туркойн эскарша хIаллаквина хIинцале а 490 тIемало аьлла Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Цуьнан дешнашца аьлча, Шемахь туркойн эскарша йолийна операци бахьанехь Хонкаран а, Москван а юкъаметтигаш ийгIина яц.
Ишта ЭрдогIана чIагIдарца, йолийна тIеман операци шоръярна дуьхьал яц Оьрсийчоь.
Туркойчоьно йолийна операци бахьана долуш бIеннашкахь Шемара бовдур бу террорхой аьлла, дIахьедира Путина. Ишта шеконаш ю оьрсийн президентан, дIаяьхна хилла территореш юха шайн карерзорехь туркойн маса аьтто бер бу аьлла. Хонкарас дIахьедо, Рас-эль-Iайн а, Телль-Абйад а шайгахь ю бохуш.