Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2019

Новости за 14.10.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (14.10.2019)

Туркошна дуьхьалбевлла шемахой, телевизионехь ца гойту Кадыров, Батукаев бахьанехь президентан бойкот (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Дуьххьара футболе хьовса битина гIажаройн зударий

1979-чу шарахь ГIажарийчохь Исламан революци хиллачу тIаьхьа дуьйна махкарчу зударшна дихкинера стадионашка эхар. 40 шо даьллачул тIаьхьа 4 эзар гергга футболан фанат-зуда йитира 2022-чу шарахь хинйолчу дуьненан чемпионате къасточу ГIажарийоьнна а, Камбоджана а юкъахь йоьдучу матче хьажа. Полисхойн кордонца божарех дIа а къастийна, шайнна метиг баьккхинера зударшна матче хьовса.

Radiomarsho.com 

Шеман къилбаседанерчу конфликтна юкъагIорта лаам бац шайн аьлла Кремло

Шемара хьал политикехь дерзорна новкъарло ечу муьлххачу а некъашна дуьхьал ю Оьрсийчоь аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Курдойн гIаттамхошна дуьхьал Шеман къилбаседанехь операци йолийна Туркойчоьно ГIадужу-беттан 9-чохь. Песковс бахарехь, Туркойчоьно Шемаца болийначу тIама юкъа Оьрсийчоь озон хьесап ду аьлла, оьрсийн Iедалхошна "ойлаян а ца лаьа". Кремлан векало дийцарехь, оьрсийн а, туркойн а Iедалхоша а, буьйранчаша а вовшашца латтош уьйраш ю. Песковс билгал ца даьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзанца СаIуда Iаьрбийчу кхаьчна Путин Владимир

СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьо Салман ибн Iабдул-Iазиз Ал СаIуда кхайкхарца СаIуда Iаьрбийчу веана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, хаамбо "Новости" агенталло. Официалан нах а, бизнесхой а боцурш а, Оьрсийчуьра яхначу делегаци юкъахь ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а. Анониман хьостанаша "цомгуш ву", "юучух цатам хилла", "кIелойина" бохуш, яздинехь а, массарел а каде салам а луш, нохчийн ламасташца мараиккхира нохчийн куьйгалхо Путин Владимирна. Шинаридийнахь Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташка ваха Iалашо ю Путинан.

Radiomarsho.com 

Батукаев низам дохош арахецна аьллачу кхелана бойкот кхайкхийна гIиргIазойн экс-президенто

Нохчийн криминалан авторитет Батукаев Iазиз низам дохош набахтера арахецарца долийначу гIуллакхан хьокъехь кхелахошна бойкот кхайкхийна ГIиргIазойчоьнан экс-президенто Атамбаев Алмазбека, яздо "Интерфакс-Азейрбайджан" хьостано. "Кхелана бойкот кхайкхийна Атамбаевс, цундела суьдхойн процессе ваха лаам бац цуьнан. Шена тIехь ен кхел харц ю, кхелан кхеташонашка гIур вац ша аьлла, дIахьедина цо",- аьлла Атамбаевн адвокато Жоошев Замира. Экс-президент а воцуш, цуьнан кхелан процесс дIаяхьар деха дагахь ду шаьш оршотдийнахь аьлла адвокато. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн "Мехк-Кхелан" куьйгалхочун хIусамех хьовса баьхкинера полисхой

ГIалгIайн юкъараллан "Мехк-Кхел" боламан куьйгалхочун Султыгов Сараждинан хIусамех хьовса баьхкина хилла полисхой, яздо "МБХ медиа" хьостано. ГIалгIайчуьрчу бусулбачийн Ассоциацин хьалханчас Абадиев Мусас хаамбина хьостане, полисхой баьхкина хила тарло, 2015-чу шарахь Шемахь велла лоруш волу цуьнан кIант Султыгов Руслан "цIа веана хила тарло" аьлла хеташ. Магасерчу ФСБ-н урхалле дIавигина хилла Султыгов Сараждин. Абадиевна хетарехь, Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде цо бинчу кхайкхамца доьзна хила а тарло... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемарчу дIаIишхойн доьзалш бовдар

Туркойчоьнан эскарш чудаьхкича Шемарчу набахтешкара бовда аьтто баьлла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн доьзалийн.

Radiomarsho.com 

"Петровна" а, "Бошировна" а, ГРУ-н куьйгалхочунна а дуьхьал санкцеш яхйина

Кху шеран юьххьехь химин герз лелорна тоьхна санкцеш 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 16-чу дийне кхаччалц дIаяхъян сацамбина Евросоюзан Кхеташоно. Пхеа шемахочунна а, веа Оьрсийчоьнан вахархочунна а дозанаш тохаро доьхкур ду Евробертан пачхьалкхашкахуда лела, ишта йоьхкур ю церан активаш. Ву царлахь Оьрсийчоьнан Инарла Штабан Коьртачу Урхаллан (хьалха ГРУ) куьйгалхо Костюков Игорь а, цуьнан хьлхара гIовс Алекссев Владимир а, ишта ву Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а. Уьш тептар юкъабахийтина Петров Александран а, Боширов Русланан а цIерашца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь некъан хьовзамашкахь баларш кIезиг хуьлу аьлла Iедалхоша

Карара шо дерзале Нохчийчохь 54 некъ тобан Iалашо ю шайн аьлла, дIахьедина республикан премьер-министро Хучиев Муслима, машенаш хоьхкучу некъийн машанаш кхиорна а, некъаш тIехь кхерамзалла латторан а хеттарш дийцаредечу гуламахь. Хучиевс билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан регионашлахь Нохчийчоь къаьсташ ю, некъан бохамашкахь нах балар уггар а кIезиг хиларца. Билгалдоккху, байначу беттан некъан полицино Iорадаьхначу терахьащца, 138 некъан бохам хилла махкахь. Цу инциденташкхаь велла 74 стаг, лазийна 189.

Radiomarsho.com 

Туркойн эскаршна дуьхьал яьккхина Шеман арми

Туркойчоь тIелеттачу къилбаседа хьовсийна Шеман эскарш. Шемарчу официалан хьостанаша Туркойчоьнан тIелатар "агресси" ю аьлла, дIахьедина. Оцу юкъанна хаамаш баьржина Шеман куьйгаллина а, "Шеман демократин ницкъашна" а (курдойн гIаттамхой) юкъахь дийцарш дуьйладелла аьлла. Reuters агенталло яздарехь, Оьрсийчоьно Iалашъечу Латакерчу Хмеймим авиабазехь дIахьош ду дийцарш. Бертан дийцарех кхачо йоллу информаци луш яц. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министрна Эспер Маркна хетарехь, Туркойчоьно... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Грозный" телеканало шен сюжеташкахь къайлайоккху Кадыров Исламан юьхь

Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан администрацин куьйгалхо лаьттинчу Кадыров Исламан юьхь дIахьулйо нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканало шен сюжеташкахь аьлла, хаамбина нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос шен  Telegram-каналехь. Массо а архиван видеош тIехь юхь къайлайоккху хьаькаман, Абдурахмановс дийцарехь. Масала, кху беттан 11-чохь Кадыров Рамзан Урдуне вахарх дуьйцучу хенахь пайдаоьцу телехьожийло пхи шо хьалха Урдунан паччахь Iабдалла ШолгIаниг Нохчийчу веача яьккхинчу видеох. Цу... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *