Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Алаудинов: "Хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, сан дахарехь хийцамаш бац"

Устрада-гIалин мэр лаьттинчу Темирбаев ИбрехIиман хIусамехь бегашца портерт тIехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уккалх хIума тохарна мехкан урхалхочун дагтIера воьжна чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти аьлла, "Новая газетано" зорбане яьккхинчу артиклах комментари йитина Алаудиновс. Шен инстаграмехь йоьдучу эфирехь "Кавказ.Реалиин" корреспондентан хаттарна жоп луш, цо дIахьедина, "хIора шарахь тхан мостагIашна хазахета тхох лаьцна кеп-кепара истореш кхуллуш" аьлла.


"Шуна цкъа а къайле ца хила тарло, и кхуллу хIуманаш цхьа бух болуш санна дуьйцуш хилар. Цундела юьхьанца, хьуна дагадагIахь, туркойн сериалашка а хьийсина, тхан сийлахьчу либерасташа материал язйинера, цхьана фантастике дIавш лучу меттигехь со юкъархо хилла бохуш", аьлла Алаудиновс. Цо бахарехь, "оцу нюансийн вариацеш хийцалуш хуьлу: цхьаммо - цхьаъ дуьйцу, вукхара – кхин дуьйцу".


"Коьртаниг хIун ду аьлча, хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, сан дахарехь хIуммаъ ца хилла. Цхьа а хийцамаш бац. ЖIала лета, караван дIаоьху бохучу принципца вехаш ву-кх со", - аьлла, тIетоьхна Аллаудиновс.


Хьалхо "СКФО Telegraph" телеграм-канало хаам зорбане баьккхира, Нохчийчохь "мехкан куьйгалхочунна дIовш дала гIертарх дуьйцу" аьлла. КIело ян дагахь хиллера аьлла, билгалваьккхинера  Алаудинов Апти а, Темирбаев ИбрехIим а, Хьалха-Мартанан куьйгалхо Абдурешидов Валид а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис яржийна информаци "эладитта ду" элира.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *