Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2019

Новости за 15.10.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (15.10.2019)

Кадыровн ямартхой, Алаудиновс Кадыровна тохар, зорбанашкахь бина хийцамаш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Женевехь дийцича а дIа ца даккхало Цнелисера ха

Тохтыров Вадим Гуьржийчоьнан а, Къилба ХIирийчоьнан а юкъаметтигаш юьйцуш, Женевехь дIадаьхьначу 49-гIачу бертан къамелехь а ца карийна шина мехканна юкъара, гуьржийн Цнелиси юьртара, ха дIадоккху агIо. Реза ца хилла некъ баста гуьржий. "Кавказ.Реалиица" цхьаьна хьал зийна эксперташ шек бу гIуллакх политико сацийна лаьттош хиларх – оцу меттигашкахь лаьттах дохку маьIданаш вовшашлахь декъа ца ло гуржашка а, хIирашка а, аьлла хета царна. Ши бутт хьалха Къилба ХIирийчоьно дIахьедира, гуьржийн полицино... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Керла гидроэлектростанци еш ю Панкисехь

Панкисехь ян йолош ю керла гидроэлектростанци (ГЭС). 27 мегаватт йолу «Самкурисцкали-2» хьалаян йолор ю карабогIучу баттахь "Пери" цIе йолчу компанино, яздо IPN агенталло. Компанин инарла директоро Иорданашвили Лашас хаамбарца, рогIерчу юьртана 15 километар дехьа долчу Самкурисцкали хи тIехь йийр ю иза. "ГЭС хьалаян бакъо каракхаьчна тхан, карабогIучу баттахь белхаш дIаболор бу оха", - аьлла директоро. Меттигера бахархой "Хадори -3" ярх дийцаредаьккхича санна меттигера бахархой протесташка бевр бу аьлла хетий хьуна хаьттича... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тушетера Iаламат хаза некъ

Iаламат хаза бу Гуьржийчуьра Тушети Кахетех бузу ломан некъ. Иза уггаре кхерамечу некъех лору пачхьалкхехь. Схьабиллина некъ 1975 шарахь. Цул хьалха гIаш я беракеманца бен ца кхачалора Тушете (дагалоцур вай "Мимино" филм). Ло тIех хьалхе а, дукха а дужуш хиларна, аьхкенан кхаа баттанна бен схьа ца боьллу и некъ.

Radiomarsho.com 

Нохчийн хаамийн гIирсашкахь хийцамаш бина

Хаамийн гIирсийн векалшца хиллачу цхьанакхетарехь республикерчу "Грозный" телеканалан директора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада дIахьедина, зорбанийн барам лакхабаккхархьама шаьш бинчу хийцамех, яздо "Грозный-информ" агенталло. Леррина терго тIеяхийта сацамбина интернет-хьосташна, оцу Iалашонца "Чечня Сегодня" агенталлана юкъадахийтина "Молодежная смена", "Столица плюс", "Ан-Нур" газеташ. Церан куьйгаллехь хир ву, нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос махкарчу Iедалхоша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн лорах аьттехьа а тера йоцу лар

Александр Черкасов,                                                                                                   Эхо Кавказа Ши бутт а ца баьлла, ткъа дуьнено дицдича санна хетало хилларг. 2019-чу шеран Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь Германин коьртачу шахьарахь Берлинехь, Жима Тиргартен бешахь – Рейстагна уллехь – вийра Гуьржийчуьрчу Паьнгазара схьаваьлла нохчо Хангошвили Зеламха. Версийн георгафи шуьйрра ю – Гуьржийчоь, Москох, Одесса. Ткъа Нохчийчоь бехкехила мега боху верси ю, янне а яц аллал, кIезигчех. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мукадехкийн дIовш мелла йоI ялийна дарбан цIийне

ДIовш мелла кхо шо долу йоI ялийна Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийне. Регионерчу прокуратуран пресс-гIуллакххоша хаамбарца, шайн хIусамехь мукадехкашна луш долу дIовш мелла хилла цо ларамза. "Тхоьга кхаьчначу информацица, шайн доьзалехь "мукадехкийн дIовш" мелла, вон хиллера цу берана.  КIоштан дарбан хIусамехь охьайиллина иза", - аьлла бу прокуратуран хаам. Хиллачу инцидентан гонах талламаш бу дIахьош карарчу хенахь.

Radiomarsho.com 

Алаудинов: "Хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, сан дахарехь хийцамаш бац"

Устрада-гIалин мэр лаьттинчу Темирбаев ИбрехIиман хIусамехь бегашца портерт тIехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уккалх хIума тохарна мехкан урхалхочун дагтIера воьжна чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти аьлла, "Новая газетано" зорбане яьккхинчу артиклах комментари йитина Алаудиновс. Шен инстаграмехь йоьдучу эфирехь "Кавказ.Реалиин" корреспондентан хаттарна жоп луш, цо дIахьедина, "хIора шарахь тхан мостагIашна хазахета тхох лаьцна кеп-кепара истореш кхуллуш" аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчоь Шема чугIортарна дуьхьал санкцеш яьхна Iамерко

Шеман къилбаседанехь тIеман операци йолорна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Туркойчоьнна дуьхьал санкцеш яьхна. Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка динчу дIахьедарца, президенто Трамп Доналда омрана куьйгъяздина. Туркойчоьнан энергетикан а, тIеман а министраллашна дуьхьал а, ишта энергетикан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министрашна а тоьхна санкцеш. Помпеос дIакхайкхийна, дахначу кIиранчохь Туркойчоьно Шемарчу курдашна дуьхьал йолийна тIеман операци бахьана долуш терроризмна дуьхьал латто къийсам лахбина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчоьне Шемахь йолийна операци юхаяккха аьлла Трампа

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президенто Пенс Майка дIахьедина, президенто Трамп Доналда телефонехула Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца къамел дечу заманчохь Шемахь болийна тIом хьем ца беш сацабе аьлла, кхайкхамбарх. Дахначу кIиранах Туркойчоьно шен эскарш чуоьзна Шеман къилбаседанехь. Пенса дийцарехь, ЭрдогIанца хиллачу къамелехь Трампа кхетташ йовзийтина шен позици. 160 эзар сов маьршачу бахархоша дIатесначу регионе кеста ша ваха дагахь ву аьлла Iамеркан вице-президенто, цигара хьал дерзон Iалашонца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн гонера хьаькамаш лецарх баржийна хаам "фейк" ю аьлла министро

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера хьаькамаш лецарх Iораяьккхина информаци "фейк" ю аьлла махкарчу Iедалхоша, яздо "URA.RU" хьостано. Хьалхо "Новая газетас" шайн хьосташна тIе а тевжина, хаамбира, тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчохь масех лаккхара даржхо дIалаьцна хиларх. "Цхьана а "Новая газетан" фейкех комментари йийр яц оха, царех лаьцна цхьанна а дуьйцуш хезна а дац", - аьлла, дерзийна шен "URA.RU" хьостаца хилла къамел зорбан министро Умаров Джамбулата. Нохчийчоьнан куьйгалхочун... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Новая газета": Кадыровн гонера хьаькамаш лецна

"Новая газетан" хаамашца, Нохчийчохь дIалаьцна масех лакхара даржхо. Ву царлахь Устрада-гIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрехIим а. Газетан информацица, иза лаьцна ву Марсхьокху-баттахь дуьйна. 2006-чу шарера схьа дуьйна Кадыровн цабезам хилла цуьнгахьа, Нохчийчоьнан хиллачу куьйгалхочун Алханов Алун агIонча хилла ву бохуш. Ткъа иза лацаран бахьана ду боху Кадыровна критика яр.  Ишта яздарехь, лаьцначаьрца ву республикан орцан министраллан  (МЧС) хилла урхалхо Яхъяев Руслан а, парламентан экс-депутат Магомаев Шемал а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *