"Новая газета": Кадыровн гонера хьаькамаш лецна
Ишта яздарехь, лаьцначаьрца ву республикан орцан министраллан (МЧС) хилла урхалхо Яхъяев Руслан а, парламентан экс-депутат Магомаев Шемал а, хьуьнан бахаман министр лаьттина Мулаев Дикмохьмад а, социалан блокан гIуллакхашкахула вице-премьеран даржехь хилла Вайханов Халид а, мехкан некъан полисхойн (ГИБДД) хьалханча лаьттина Денилханов Шамхан а. Темирбаев ИбрехIиман телефонехула динчу къамелашка ладоьгIначул тIаьхьа дIалецна бу уьш, яздо хьостано.
Ишта "Новая газетано" хаамбо, парламентан депутаташ хиллачу Гаибов Идрисна а, Магомаев Шемална а Iедалхой тIаьхьабовларх а, церан доьзалшна тIеIаткъамбарх а.
Хьалхо хаамийн гIирсашкахь информаци яьржира, Кадыров Рамзанна дуьхьал бартбина хиллера аьлла. Бехкебечарлахь вара Устрада-гIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрехIим а, чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти а, Хьалха-Мартанан куьйгалхо Абдурешидов Валид а.