Забайкальехь эскархой байаран бахьа хила мега "дедовщина"
Цу стага дийцарехь, байинчарна юкъахь волчу цхьана лейтенанто даима а хьийзош хилла эскархой – наб ца йойтуш, саццаза устав доьшуьйтуш, шегара даьллачун дарлой иза салташна тIехь дIадоькъуш.
72.ru порталан журналисташа къамел динчу стага шена вевзаш вац аьлла герз диттина салти Шамсутдинов Рамиль.
Mash Телеграм-канало яздо, цкъачунна бинчу талламо тIечIагIдина адамаш дайинчу тIеман декъехь эскархошна юкъахь уставца догIуш доцу хIуманаш лелош хилар.
Болчу хаамца, Шамсутдиновс герз диттина охьайиллинарг ю цхьаъ хилча сихха цига кхача кечйина йолу тоба (группа быстрого реагирования). Салтичо ши магазин яссийна царна тIе. Герз диттинчу меттехь хиллачу цу тобанах дийна висина 3 стаг, хаам бо Mash канало.
Хьалхо хаам бина ма хиллара, пIераскан дийнахь 8 салти вийна Оьрсийчохь Забайкальен махкарчу кIевлинчу Горный цIе йолчу гӀалин кепара эвлахь, эскаран декъехь герз диттина. Чевнаш хилла кхин а 2 стаг госпитале кхачийна ву. И зулам дарна шеко йолуш лаьцна ву Шамсутдинов Рамиль.