Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Октябрь
2019

Новости за 26.10.2019

Radiomarsho.com 

"Путин дIаэккхо" воьдуш хиллачу шаманан агIончаш лецна ФСБ-но Якутехь

Якутерчу Нерюнгри гIалахь ФСБ-н белхахоша дIалаьцна "Путин дIаэккхо" Москва воьдуш хиллачу шаманан Габышев Александран кхо агIонча. Цунах лаьцна хаам бинера Сибирь.Реалии сайтан корреспонденте царах цхьаммо Ростокин Евгенийс. Цо дийцарехь, иза а цуьнан ши накъост а Якутскера Чита агIор воьдуш хилла. Нерюнгри некъан полицин постехь (ДПС) церан машен сацийна кехаташ талла. Цул тIаьхьа жигархошна тIе веанчу ФСБ-н кхаа белхахоо дIавигина Ростокин а, цуьнан ши накъост а полицин декъе.   Ростокин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь тIом боьдуш лачкъийна сурт дIаделла нохчийн музейна

Москвахь Третьяковн галерейхь официалан церемони хилла Нохчийчохь тIом боьдуш лачкъийна хилла Головин Александара (1863, Москва — 1930, Детское Село)  дилла  «Портрет Е.Татевосяна в бедуинской повязке» (Бедуинан йовлакх тиллина Е. Тетевосянан портрет) цIе йолу сурт Нохчийн Республикан къоман музейна дIалуш. Цигахь дакъалоцуш бара пачхьалкхан Третьяковн галерейн инарлан директор Трегулова Зельфира а, Нохчийчуьрчу къоман музейн директор Асталов Ваха а.   Хьалхо хаам бина ма хиллара, суртдиллархочун... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Забайкальехь эскархой байаран бахьа хила мега "дедовщина"

Забайкальерчу Горный эвлахь куп тоьхначу эскаран декъехь 8 стаг веран бахьана хила мега "дедовщина олу дукха ханехь дуьйна Советан а, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а армехь лелаш долу уставца йогIуш йоцу юкъаметтигаш лелош хилар. Цунах лаьцна яздо 72.ru портало, цигарчу 54160 декъехь маситта шо хьалха гIуллакх деш хиллачу цхьана эскархочунна тIе а тевжаш, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цу стага дийцарехь, байинчарна юкъахь волчу цхьана лейтенанто даима а хьийзош хилла эскархой – наб ца йойтуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Макгрегорна тIе шиша кхоьссина Дагестанерчу блогеро

Дагестанерчу Нариман цIе йолчу Instagram блогеро видео арахецна ша Ирландерчу ММА латархочуьнга Макгрегор Конорга хаттар луш яьккхина. Журналисташна тIевеанчу Макгрегоре хаьттина хилла цо, оццул Нурмагомедов Хьабиб а, цуьнан тоба а хьайна цаезаш хилча, дерриг а Дагестанерчу халкъах вониг (кIиллой бу бохуш) хIунда дуьйцу ахь аьлла. Макгрегор: "Ас эр ду хьоьга хIунда. Цара туьканашкахь сан юхь тIелатийна котамаш йоьхкина. Цара со шаьш цаларар гайтина". Нариман: "Сан да а, сан ваша а – уьш берш а кIиллой хета хьуна?" Макгрегор... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу бусалба динан Центро латкъам бина ша дIаяккха сацам барна

ГIалгIайчуьрчу бусалба динан Центро (муфтият) апелляцин латкъам бина ша дIаяккха республикан Лаккхарчу кхело сацам барна. И латкъам хьажийна Сочехь йолчу КхоалгIачу апелляцин кхеле, хаам бо Кавказ.Реалиино, муфтиятан векална Ахриев Гапурана тIе а тевжаш. Дагадоуьйту. 2015-чу шарахь ГIуран-бутт чекхболуш цу хенахь ГIалгIайчоьан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека критика йира республикерчу динан урхаллина, муфтега Хамхоев Iийсага дарж дитар а доьхуш. 2018-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 27-хь ГIалгIайчоьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемахь мехкадаьтта доккху меттигаш ларъян шен эскархой бита мега Iамерко

Шеман малхбалехь "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалойх мехкадаьтта доккху меттигаш ларъян шен гIашсалтийн дакъа дIатардан дагахь ю  Цхьаьнатоьхна Штаташ. Цунах лаьцна дIахьедина НАТО-н Брюсселерчу штаб-хIусамехь хиллачу зорбан конференцехь Iамеркан тIеман министро Эспер Марка. Министро кхин билггала хIумма а ца дийцира цунах лаьцна, амма Iамеркан керланийн агенталлаш тIе тевжачу Пентагонерчу хьастано дийцарехь, вуьйцург ву гIагIдиллина техникица, шайна юкъахь танкаш а йолуш, дIатарвийр волу маситта бIаь эскархо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Tesla хIоьттина Iамеркехь уггар еза машенаш арахоьцу компани

Tesla автомобилаш йон компани Iамеркехь уггар еза еза а хилла дIахIоьттина машенаш ечу заводашна юкъахь. Нью-Йоркскерчу биржехь цуьнан акцеш цхьана еарин дийнахь язйелла 17 %. Reuters агенталло билгалдаккхарехь, Маск Илона кхочушдина ша дийр ду аьлларг, цуьнан аьтто баьлла кхоалгIачу кварталехь компанина пайда хилийта.     Tesla мах бу карарчу хенахь 53 миллиард доллар. Иза хьалхаяьлла 51 миллиард доллар капитализаци (дIайухкуш лур болу мах) йолу General Motors. КхоалгIачу кварталехь 143... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров Исламах лаьцнарш "тамехьа хаамаш" бу, боху блогеро Абдуахмановс

Соьлж-ГIалин мэр хиллачу Кадыров Ислама лелийнарг бахьана долуш махкахваьлла лелачу 32 шо долчу Нохчийчуьрчу блогеро Абдурахманов Тумсос дикачу агIор тIеэцна цу стага адамаш хьийзош зуламаш дина хиларх лаьцна тоьшаллаш дон видео гучуялар. Амма, цо дийцарехь, цунна тоаме ца хета, шен мостагI кIезиг хетачу хьоле ваьккхина витар. "Со реза хир ву Кадыров Исламана ша лелийначун хьакъ доллу таIзар динчул тIаьхьа, амма цкъачунна уьш тамехьа хаамаш бен бац", - элира цо, яздо "Кавказ.Ралиино".   ДIадаханчу... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *