Саратова: Кадыров адамаша валийна оцу хьоле
"Со бакъонашларъярхо хиларе терра, цу кепара аларш бакъдойла яц сан, амма масийттазза аьшнаш йина, сийсазйина со дика кхета цуьнгарчу хьолах. Нагахь цо байа беза бахахь, аффектехь волуш аьлла ду цо и дешнаш. Иза аьшнашван , охьатаIо гIертачу наха валийна иза оцу хьоле", - аьлла "Кавказ.Реалиига" Саратова Хедас. Массо а доза хадийна боху Саратовас комментаторша.
"Нохчочунна шен сий массо а хIуманал а деза хета дела, хIинца иштачу некъашца яппарш ян буьлабелла уьш. Низаман гурашкахь жоьпалле хIиттон беза и нах", - аьлла Саратовас.