Саратова: Кадыров адамаша валийна оцу хьоле
Нохчийчуьрчу куьйгалхочун цIарах йолчу адамийн бакъонийн Кхеташонан декъашхочо Саратова Хедас дийцаредина мехкан куьйгалхочо интернетехь "сийдойурш" совцон беза аьлла, дина дIахьедар. "Со бакъонашларъярхо хиларе терра, цу кепара аларш бакъдойла яц сан, амма масийттазза аьшнаш йина, сийсазйина со дика кхета цуьнгарчу хьолах. Нагахь цо байа беза бахахь, аффектехь волуш аьлла ду цо и дешнаш. Иза аьшнашван , охьатаIо гIертачу наха валийна иза оцу хьоле", - аьлла "Кавказ.Реалиига" Саратова Хедас. Массо а доза хадийна боху Саратовас комментаторша. Читать дальше...