"Исламан пачхьалкхан" кхечу мехкашкарчу тIемалошна депортаци яр долийна Туркойчоьно
Туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахочун депортаци ярх лаьцна. Дийцарехь, кху беттан 14-хь цIахьажош ву Германин 7 махкахо. Депортаци ян кечвеш ву кхин а Францера 11 стаг а, Ирландера а, Данера а "Исламан пачхьалкх" тобанан 2 декъашхо а.
Уьш дIахьовсор бу шаьш бехачу пачхьалкхашка. Европерчу пачхьалкхийн цу хьокъехь хIун ойла ю дуьйцуш дац.
Хьалхо Туркойчоьнан президенто Эрдоган Реджепа дIахьедар динера дукха хан йоцуш Шеман къилбаседехь тIеман операци дIахьош "Исламан пачхьалкхан" могIаршахь хилла 300 гергга кхечу пачхьалкхийн махкахо лаьцна шаьш аьлла.