Шишани Ал Бара дIавала мегаш ву Украино иза Интерполехула лоьхуш хиллачу Гуьржийчоьне
Оцу хаамца а догIуш, гуьржийн лерринчу сервисашна хааделла хилла 2014-чу шарахь Тохосашвили, Шема а вахана, дакъалаца волавелла хиларх лаьцна цу пачхьалкхан Iедалан ницкъашна дуьхьал. 2015-чу шарахь иза дIакхетта "Исламан пачхьалкх" тобанах.
Тибилисин гIалан кхело Лахьанан-беттан 6-хь Тохосашвили дуьхьал а воцуш кхел йина цунна набахтина чуволла. Карарчу хенахь Тохосашвили лаьцна латтош ву Киевехь экстради яр Iалашонца.
Панкисерчу «Way» юкъараллан радионо бинчу хаамца, Тохосашвили Цезарь дуьненчуваьлла Ахметан кIоштарчу Омало эвлахь. 2018-чу шарахь зорбан гIирсаша хаам баржийра иза вийна аьлла. Цара чIагIдора Тохосашвили а, цуьнан хIусамнана а, бераш а кхелхина бомбанаш а тоьхна бохуш.
Цу хенахь Тохосашвилин доьзало шина дийнахь тезет латтийра шайн кертахь, Деле геч дар доьхуш нах а оьхуш. Жимма хан яьлча Тохосашвилис зIе тоьхна хиллера шен гергарчу нахе, ша дийна хилар хоуьйтуш.
Шишани Ал Бара Киевна гергахь лацарх лаьцна хаам бира Украинин кхерамазаллин сервисо. "Украинин кхерамазаллин сервисо а (СБУ), Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а (МВД), Iамеркан Коьртачу талламан урхалло а (ЦРУ) цхьаьна дIаяьхначу операцехь Киевн кIоштахь лаьцна "Исламан пачхьлкх" терроран вовшахтохараллан коьртачу куьйгалхойх цхьаъ", - аьлла ду СБУ-н хаамехь.
Дийцарехь, Шишани "Исламан пачхьалкхан" декъашхо хилла 2012-чу шарахь дуьйна. СБУ-но билгалдаккхарехь, "Ахадун Ахат" джамаIатан амир хилла иза 2012-чу шарахь, ткъа 2013-чу шарахь хилла "Исламан пачхьалкхан" тIеман амиран аш-Шишани Абу Iумаран (Батирашвили Тархан) когаметта.
2016-чу шарахь Батирашвили вийначул тIаьхьа иза Шемара дIавахана хилла Туркойчу. 2018-чу шарахь Шишани Ал Бара кхаьчна Украине. Киевна гергахь иза лаьцна ша вехачу цIенна уллехь.