Къилбаседа Кавказерчу блок-постех лаьцна дош аьлла Медведевс
Къилбаседа Кавказера блок-посташ дIаяха еза Кадыровс боху ю дуккха а хан.
"Къилбаседа Кавказан некъаш тIехь лаьтта кеп-кепара блок-посташ, дукха хан ю оьшуш йоцу, низамехь бехачу наханна хьаштйоцу дуьхьалонаш ю уьш, новкъарло йо цара маьршша кир дIасалело а, регионан имидж йохайо арара тIевеанчун бIаьргаш чохь а», - яздина Кадыровс Telegram-ехь Медведевца къамел хиллачул тIаьхьа.