Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2019

Новости за 23.11.2019

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу блок-постех лаьцна дош аьлла Медведевс

Премьер-министра Медведев Дмитрийс Къилбаседа Кавказехь лаьтта блок-посташ хьахор ю ша, аьлла, регион кхиорна лерина хIуттуш хуьлучу рогIерчу кхеташонехь. Оцу хьокъехь цуьнан къамел хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шоьтадийнахь.    Къилбаседа Кавказера блок-посташ дIаяха еза Кадыровс боху ю дуккха а хан. "Къилбаседа Кавказан некъаш тIехь лаьтта кеп-кепара блок-посташ, дукха хан ю оьшуш йоцу, низамехь бехачу наханна хьаштйоцу дуьхьалонаш ю уьш, новкъарло йо цара маьршша кир дIасалело а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Голос» проектехь йиш лекхначу Ханиева Рагдас гIалгIай ца лору шена луьйраш

18 шо долчу гIалгIайн йишлакхархочо Ханиева Рагдас комментари йина ша Оьрсийчуьрчу «Голос» телепроектехь дакъалоцуш шена йиш лакха Iамо резахиллачу «Ленинград» тобан лидере Шнуров Сергейга куьг далар а, кхечу жюрин декъашхошна мараоьккху кеп хьоттор а интернетехь емалдечарна. "Super" портална еллачу интервьюхь мах хадабо цо шех лаьцна дечу къамелийн – шен Instagram-агIоне хIоттийна цо пIераскана видео. "Суна хьу ца йо оцо, кийча яра со иштачунна. Со кхета, муьлхачу наха и вониг яздо, хIун кхетам болучара яздо ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Даржо лучу бакъонел а соввийла веза регионан куьйгалхо, боху Кадыровс

Оьрсийчоь мостагIашца ларалуш хир ю, нагахь санна хIора регионан куьйгалхочо шегарчу даржо лучу бакъонел совволуш хилахь. Иштта ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина керла дIахьедар, хаамбо "Кавказ.Реалиино". «Тахана хIораммо а эца деза шена тIе даржо къасточу декхарел масийттазза доккха жоьпалла. ТIаккха бен хир дац жамIаш» (Сегодня каждый должен взять на себя ответственности несколько раз больше, чем это определено должностными обязанностями. Только тогда будут результаты),  - яздина цо шен Telegram-каналехь тахана, шоьтадийнахь.

Radiomarsho.com 

«Терроризмца бен тIом бу иза. Нохчех а олура, уьш пекъарш бу..."

Оьрсийчоьнан тIеман гIуллакхашца зIе йолчу гонийн векалша бакъбо Шемахь стаг къиза вуьйш яьккхинчу видео чуьра «Вагнер» компанин тIемалой. ХIоьттинчу хьолехь иза бен дан а ца догIура «вагнерхошна», аьлла хета Оьрсийчоьнан лерринчу ницкъийн ветеран волчу Мазур Сергейна. "Нийса ду я вон ду оцу видео чуьрчу бераша дийриг, со ала хIуттур вацара. ХIоьттинчу хьоло, тактикан хьашташа иза дан декхаребинчух тера ду уьш. ХIинца церан къизаллах, уьш чалтачаш хиларх лаьцна дуьйцуш, дуьненан юкъаралла гергаийзош хьийзачарна ца хаьа хIумма а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

5 стаг велла ХIирийчуьрчу некъахьовзамехь

Яхначу буса ХIирийчоьнан Мазалк гIалина гергахь хиллачу некъахьовзамехь делла 5 адам, хаамбина «Кавказ.Реалиига» Къилбаседа ХIирийчоьнан орцан министраллерчу пресс-гIоьнчаллин белхахоша. Кир кхоьхьучу машенна кIел нисъелла "ВАЗ-2106", фурано ерриг а хьашна и яйн машен. 19-26 шераш ду Жигули чохь вийначу 5 стеган. ГIо тIекхачале дIабевлла уьш. Некъан инспекцино бинчу талламо гайтарехь, бехке ву шен йоцчу некъан асанна тIеваьлла хилла Жигули лелорхо (кхелхина иза а).

Radiomarsho.com 

«Хьийза ца вира, манташ а яош кхебира». Схьакарийна Нохчийчохь вайна хилла Ибрагимов Азамат

Ши кIира хьалха, Канадера даймахка ваххарх, Соьлж-ГIалахь вайна хилла Ибрагимов Азамат «схьакарийна» «Грозный» телеканалан директоран, мехкан куьйгалхочун гIоьнчин Дудаев Ахьмадан белхан чоьнашкахь. Ибрагимов шеца Iаш видео яржийна Дудаевс пIераскана – «Маршо Радионо», и стаг вайна аьлла, орца кхайкхийначу шолгIачу дийнахь. Дудаев ша вац видео чохь, амма иза ву дуьйцуш верг, гарехь: "Азамат хьокху метта хиина Iаш ву-кх, цхьамма дас шех куьг Iоьттина дац, бах, хьийзийна вац, бах. ДIаваха дагахь а вац ша, бах. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемахо вуьйш яьккхинчу видео чуьра цхьаъ Нохчийчохь тIом бина ву

«Фонтанка» газето арахецначу хаамо бахарехь, журналисташна кхин а цхьа декъашхо карийна Шемахь стаг вуьйш, цуьнан корта боккхуш, вагош гойтучу, щуьйрра яьржинчу видеон персонажех - Брянскера Руслан. «Вагенер» олучу Оьрсийчуьрчу тIемалойн компанерчу шен накъосташца тIеман зулам деш ву Нохчийчохь тIом бина волу, 39 шо кхаьчна Руслан, ткъа иза вевзина шена Брянскерчу бахархойн гIоьнца, яздо Петарбухарчу «Фонтанка» газето. Хьостано дийцарехь, цуьнан редакцехь ю оцу стеган пачхьалкхал арахьа лела даьккхинчу паспортан копи... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *