«Голос» проектехь йиш лекхначу Ханиева Рагдас гIалгIай ца лору шена луьйраш
"Super" портална еллачу интервьюхь мах хадабо цо шех лаьцна дечу къамелийн – шен Instagram-агIоне хIоттийна цо пIераскана видео.
"Суна хьу ца йо оцо, кийча яра со иштачунна. Со кхета, муьлхачу наха и вониг яздо, хIун кхетам болучара яздо – гарехь, синбахамалла хIун ю а ца хаьа царна, бац уьш сан къоман векалш, вайн къоман цIарх дош ала а бац уьш», - боху Рагдас.
Йишлакхархочо яздарехь, дукха бу гIалгIашлахь цо сцени тIехь гайтина хатI лаккхарчу меха дуьллу «сий долу мехкарий а, къонахий а». Уьш бу, Ханиевана хетарехь, бакъболу гIалгIайн къоман векалш.
Ша «Голосехь» йиш лекхначул тIаьхьа шен Instagram-агIо юьзина кхин а 10 эзар доттагIчо, яздо йоIа.