Даржо лучу бакъонел а соввийла веза регионан куьйгалхо, боху Кадыровс
«Тахана хIораммо а эца деза шена тIе даржо къасточу декхарел масийттазза доккха жоьпалла. ТIаккха бен хир дац жамIаш» (Сегодня каждый должен взять на себя ответственности несколько раз больше, чем это определено должностными обязанностями. Только тогда будут результаты), - яздина цо шен Telegram-каналехь тахана, шоьтадийнахь.
«ХIинца чолхе зама ю, цхьацца хийра ницкъаш бу арахьара схьа вайн пачхьалкхера экономика, политикан паргIато, цхьаалла йохо гIерташ, гIулчаш йохуш», - боху Кадыровс.
«Оцу хьелашкахь, Владимир Владимировича олуш ма-хиллара, деса къамелаш дечара, коньюнктурахоша пачхьалкхана пайда ца бахьарал а совнах, зулам до, хьолах са цагатдарца, бен-башха дацарца», аьлла, комментари йина цо Оьрсийчоьнан президента Путина «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин гуламехь, «даржахочун батт тIеIитта езаш хуьлу, иза вего везаш хуьлу» Оьрсийчоьнан мехкашкара гIуллакхаш цуьнга кхочушдайтархьама, аларца доьзна.
…Амма Оьрсийчоьнан низамо «Даржо лучу бакъонел соввалар» лору зулам – Бехктакхаман кодексера 286 артикл. Иза талхорна набахтехь яккха хан а кхачойо низамо.