Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шемахо вуьйш яьккхинчу видео чуьра цхьаъ Нохчийчохь тIом бина ву

«Фонтанка» газето арахецначу хаамо бахарехь, журналисташна кхин а цхьа декъашхо карийна Шемахь стаг вуьйш, цуьнан корта боккхуш, вагош гойтучу, щуьйрра яьржинчу видеон персонажех - Брянскера Руслан.


«Вагенер» олучу Оьрсийчуьрчу тIемалойн компанерчу шен накъосташца тIеман зулам деш ву Нохчийчохь тIом бина волу, 39 шо кхаьчна Руслан, ткъа иза вевзина шена Брянскерчу бахархойн гIоьнца, яздо Петарбухарчу «Фонтанка» газето.


Хьостано дийцарехь, цуьнан редакцехь ю оцу стеган пачхьалкхал арахьа лела даьккхинчу паспортан копи, ткъа цо гойту 2017-чу шарахь иза Шема вахана хилар.


Тахана Руслан кегийрхой пачхьакх еза Iамош, уьш школашна юкъарчу спортан барамашна кечбечу балхахь ву. «Фонтанкин» аьтто баьлла цуьнца къамел дан. Ша Шемахь а ца хилла, я шена «Вагнер» компани а ца евза, ша шен арахьарчу паспортан ноьмаран тIаьххьара кхо терахь а довзуьйтур ду, аьлла цо журналисташка. Амма газето гойтучу скриншоташа тоьшалла до ша аьлларг Руслана кхочуш цадинийла.




Хьалхо «Новая газето» («Керла газета») арахийцира шен таллам – Шемахь стаг воруш, вагош хьийзачу нехан видео а, цу чуьрачу цхьаннах хаам а.


Оцу хаамах Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс «инзарвоккху» материал элира.  Амма ца элира, ду я дац толлур «вагнерхой» хила тарлучу наха дина зулам Оьрсийчоьнан урхаллаша -  элира, «оьшу аьлла хетахь» талла мега.


"Новая газето" йовзийтинчу видео чохь гуш ду массех оьрсийн маттахь цIенна къамелаш дечу, тIеман духарахь болчу герзахоша, варзап еттий, стаг вуьйш а, урс хьоькхуш, бел етташ цуьнан корта боккхуш а, белаца куьйгаш дохуш а, когаш ирх а тосий, вагош а.


«Новая газето» билгалдаьккхира, шемахо хIаллаквеш воллучу веаннах цхьаъ «ЧВК Вагнер» компанехь тIеман иччархо хилла волу Станислав Д. ву, аьлла. Газето хаийтина иза хан хьалха Ставрополерчу полицехь болхбина стаг хилар. Цунах йолу информаци ша мелла а шуьйра йовзуьйтур ю Талламан комитетна, аьлла журналисташа.




Iаьрбийн хаамийн гIирсаша бечу хаамца, вийначу шемахочун цIе ю Мохьаммед ТIахIа ИсмаIил Ал-Iабдулла. Асад Башаран эскаре язвина хилла иза, ведда цигара, амма лаьцна. Iаьрбаша бахарехь, ХIомс махкарчу мехкдаьтта доккхучу «Шаир» меттехь 2017-чу шарахь оьрсийн эскархоша лелийна Iазап ду «Новая газето» Iорадаьккхинарг.



" Вагнеран ЧВК " – официалехь йоцу Оьрсийчуьра тIеман гIера ю. Яц иза тIеман министраллин балансехь а, я хила бакъо йолуш низаме яьлла а, амма, журналисташа бинчу талламаша гайтарехь, лелла дуккха а пачхьалкхашкарчу тIемашка, шайлахь Шема а, Украина а йолуш. Кхочу цуьнан «белхахой» Африкерчу пачхьалкхашка а, Iамабо цигара ницкъаш тIемаш бан.
«Вагнеран» спонсор лору журналисташа Путин Владимирца уьйрашкахь волу Петарбухара бизнесхо Пригожин Евгений. Пригожинан долахь йолчу структурашца зIенашкахь ю  "Евро Полис" компани а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *