European Property Awards совгIат кхаьчна Grozny City хьешан цIенна
Карарчу шарахь 45 номинацехь дIасаделла деза совгIаташ. Йозуш йоцчу сферашкарчу эксперташа къастийнера European Property Awards-е кхачийначу проекташлахь тоьлларш. Тергоне эцнера гIишлойн дизайн а, дикалла а, инновацеш а, ша-тайпалла а.
Билгалдаккхарца, «Grozny City» отел – пхи седа болу комплекс ю, шен куьце хиларца дуьненан массо а маьIIерчу хьешашна товш йолу. Престиже совгIат кхачаро бакъо ло карадогIучу шеран Заздоккху-беттан 10-13-чу а деношкахь Францин Каннехь European Property Awards-о дIахьонйолчу дуьненан гайтамехь ша шена презентаци ян.