Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2019

Новости за 25.11.2019

Radiomarsho.com 

Къаьсттина дукха протесташ лаьттина Оьрсийчохь кху шарахь

Карарчу шарахь Оьрсийчохь 1443 протестан акци дIаяьхьна. ХIора кварталехь оьрсийн протестан жигараллана тIехь терго латточу социалан-къинхьегаман бакъонийн Центро Iорадаьхна цу кепара зераш. Кху шеран протестийн, акцийн, пикетийн терахь тIаьххьарчу масех шарахь хиллачул а рекорде ду аьлла, билгалдаьккхина Центро. Ишта къастийна социологаша, кху аьхкенан Товбеца-баттера Гезгмашин-батте кхаччалц къаьсттина лакхадаьлла хилар протестийн терахь. Бахархой дуьхьалбевллера Москварчу думе оппозицин кандидаташ ца битарна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (25.11.2019)

Нохчийчоь Канадех хийцар, Кадыровга йоI схьаехар, Грозный-ситина совгIат далар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

«Оцу некъо тхуна пайда бохьур бац»

Гуьржийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юккъахь некъ биллар дийца даьккхина юха а мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа Тбилисерчу бахархошна ца тов цуьнан план.

Radiomarsho.com 

"Нохчийчохь балха а вахна, саца дагахь хилла" Азамат Канадехь ву (+видео)

Нохчийчохь "цхьана дас куьг Iоьттина, хьийзийна воцу, даймахкара дIаваха дагахь а хилла воцу, балха а хIоьттина, цIахь Iийр ву» ша баьхна Ибрагимов Азамат могуш-маьрша Канаде дIакхаьчна аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалиига" цуьнан доьзалан доттагIаша. Ши кIира хьалха, Канадера даймахка ваххарх, Соьлж-ГIалахь вайна хилла Ибрагимов Азамат «схьакарийра» «Грозный» телеканалан директоран, мехкан куьйгалхочун гIоьнчан Дудаев Ахьмадан белхан чоьнашкахь аьлла, хааме даьккхира Маршо Радионо. Ибрагимов шеца Iаш видео яржийра Дудаевс пIераскана ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчочуьнга маре еана шен йоI Кадыровга схьайоьху Нижегородскерчу нанас (+видео)

Нижегородскан кIоштарчу яхархочо орца дехна "WhatsApp" мессенджерехула Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, нохчочуьнца едда шен 20 шо долу йоI схьалохуш гIо де бохуш. Дахначу кIиранах Нижегородскерчу Большое Рыбушкино олучу эвлара 20 шо долу Абдулкадирова Камиляс тIепаза яйнера. Ткъа кху деношкахь Инстаграмехь гучуяьллачу цо дIахьедина, ша маре а  яхна, шен цIийндеца Нохчийчохь ю, дега-нене кеста хьажа-хIотта а йогIур ю ша аьлла. Шен йоI цIаерзош гIо доьху нанас Зульфияс Кадыровга. "Лараме Рамзан Ахматович! Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«АллахIа ша во иза харц»

Британерчу имама Абдуррахман Димашкъийас «дин харцхьадаккхарна» бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхой. Цара шайн доIанашкахь беллачаьрга кхойкху, теша 150 шо хьалха велла Киши Кунта-Хьаьжа дийна а ву, дин даржош дуьнентIехула ваьлла а лела бохучух, цу тIе шаьш « Дела цхьаъ во» бохуш а лела, аьлла шайха.

Radiomarsho.com 

ООН-ан машенна Кабулехь динчу тIелатарехь цхьаъ вийна, пхиъ лазийна

ОвхIанистанерчу Кабулехь дахначу кIирандийнахь ООН-ан машенна динчу тIелатарехь вийна кхечу пачхьалкхан вахархо. ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретаро Рахьими Насрата бинчу хаамца, чевнаш йина кхин а пхеанна, ву царлахь ши овхIанхо а. Рахьимис дийцарца, гIалин жигарчу урамехь, 9-чу полицин декъан территори тIехь дина ду зулам. Цкъачунна жоьпалла цхьана а организацино шена тIелаьцна дац, хьалхо дина теракташ Кабулехь жигара хьийзачу "ТIалибан" боламо а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша а тIелоцуш дара. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Банке ахча дуьллурш кIезиг бу Нохчийчохь

Юккъерчу барамехь схьаэцча, Оьрсийчоьнан бахархоша банкехь охьадуьллу 200 эзар сом, хаамбо "Новости" агенталло. Алсам ахчанаш охьадохкуш хиларца билгалъяьлла Москва – 822 эзар сом. ШолгIачу меттигехь ю Санкт-Петербург – 420, 6 эхар сом. КхоалгIачу могIарехь дIатаръелла Магаданан кIошт- 317, 8 эзар соьмаца. КIеззиг ахчанаш ду банкехь Дагестанан а (22, 1), ГIалгIайчоьнан а (9,1), Нохчийчоьнан а (8,5 эзар сом) бахархойн.

Radiomarsho.com 

European Property Awards совгIат кхаьчна Grozny City хьешан цIенна

Соьлжа-гIалара Grozny City хьешан цIенна European Property Awards цIе йолу совгIат дина. 1995-чу шарахь дуьйна юкъадаьккхина, таханалерачу дийнахь Европехь уггар а престиже лоруш ду European Property Awards совгIат. Премеш дIасадоькъуш церемони дIаяьхьна Лондонехь.  Карарчу шарахь 45 номинацехь дIасаделла деза совгIаташ. Йозуш йоцчу сферашкарчу эксперташа къастийнера European Property Awards-е кхачийначу проекташлахь тоьлларш. Тергоне эцнера гIишлойн дизайн а, дикалла а, инновацеш а, ша-тайпалла а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Доьзалехь ницкъбарна дуьхьал низам тIеэца реза бац Нохчийчоьнан Iедалхой

Доьзалехь Iазап латторах юкъаяккха хьийзочу низаман проектна дуьхьалбевлла Нохчийчохь дIаяьхьначу горгачу стоьлехь Къибласеда Кавказан векалш. Дакъалаьцна гуламехь Нохчийчоьнан а, Дагестанан а, Кхарачойн-Чергазийчоьнан а, Ставрополан а, Оьрсийчоьнан кхийолчу регионашкарчу а юкъаралхоша. Ишта цхьанакхетарехь хилла Москвара а, Санкт-Петербургера а дайн-нанойн организацеш а, кхечу пачхалкхашкара эксперташ а. Царна хетарехь, доьзалехь ницкъбарх низаман проект Оьрсийчохь лелачу ламасташна а, барамашна а  дуьхьал хилла ца Iаш... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *