Наркотикаш яржон организацеш террорхойх дIатоха Iалашо ю Трампан
Мексикехь Iамеркан исс вахархо - кхо зуда а, 6 бер а (бIе шо сов хьалха Мексикехь баха бисина мормонийн сектан декъашхой) байинчул тIаьхьа Трамп Доналда Мексикан Iедалхошна хьийхира, Iамеркан гIоьнца "лаьтта тIехь наркотикаш лелораш хилла меттиг а бита мегар дац" аьлла.
Наркотикаш лелочу организацин декъашхоша боьгIначу гура нисбеллера кху беттан 4-чохь йоьдучу машен чохь Iамеркахой, Мексикан Iедалхойн хаамашца.
Iамеркан низамашца, муьлхха а террорхойн тобана гIодар низамаш хьешар ду, цул совнах, организацийн декъашхой Iамерке чубуьтуш а бац. Iамеркан пачхьалкхан департаментан векалшца шаьш цхьанакхета дагахь ду аьлла, шинаридийнахь дIакхайкхийна Мексикан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкара Мексике герз кхехьарх дийца а лерина бу Мексикан Iедалхой.