Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2019

Новости за 27.11.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (27.11.2019)

Герзо набахте вигина, ЭльджаркиевгIеран гIуллакх, ши шо хьалха вайна нохчо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

ГIалиб Мохьаммад – урду къоман катиб

Катиб – иштта олура хьалха йоза шатайпа хаза долчу стагах. Дели гIалахь, Джама Масжидна (маьждигна) гена доццуш ю катиб ГIалиб Мохьаммада урду маттахь куьйга йозанаш ден меттиг.

Radiomarsho.com 

" Нехаш йохург ахча дала дезий ца хаьа нахана»

Расулова Анастасия Iер-дахарехь адамаша, гул а еш, хIусамашкара арайоху нехаш дIакхехьар коммуналан белхахоша сацо там бу Оьрсийчоьнан 16 регионехь – оццул доьхна хьал ду тахана нехаш йохучу операторшкахь. Оцу хьокъехь хаамбина мехкийн куьйгалхошка Оьрсийчоьнан маьIданийн а, экологин а министра Кобылкин Дмитрийс. Дагестанехь нехаш яхарца хIоьттина хьал довзуьйту "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Нехех бала хиллачу мехкашлахь хьалхара ю Дагестан, ГIебарта-Балкхаройчоь, ГIалгIайчоь, Къилбаседа ХIирийчоь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Наркотикаш яржон организацеш террорхойх дIатоха Iалашо ю Трампан

Къайлаха наркотикаш лело организацеш официалехь террорхойн тобанех дIатоха лерина ю Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ аьлла, дIахьедина шинаридийнахь президенто Трамп Доналда. "ТIаьххьарчу 90 дийнахь оцу хаттарна тIехь ойланаш еш Iийна со…ХIуммаъ а аттачех яц хIара, тхо чекховла деза процесс", - аьлла Трампа телевизионехь еллачу интервьюхь. Мексикехь Iамеркан исс вахархо - кхо зуда а, 6 бер а (бIе шо сов хьалха Мексикехь баха бисина мормонийн сектан декъашхой) байинчул тIаьхьа Трамп Доналда Мексикан Iедалхошна хьийхира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Зуламхойн тоба вовшахтоьхна аьлла, набахте хьажийна Асхабов

Бакъо йоцуш герз а, патармаш а латторна 3 шо а, итт бутт а хан кхайкхийна Нохчийчуьрчу 24 шо долчу вахархочунна Асхабов Жамбулатна кхело, хаамбо республикерчу къайлахчу сервисийн пресс-гIуллакххоша. Ишта бехкала хьарчийна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Асхабов зуламаш дан кечамбарна а, гIаттамхойн тоба вовшахтохарна а.

Radiomarsho.com 

Ши шо хьалха Нохчийчохь вайнарг лохуш гIо доьху полисхоша

Нохчийчуьрчу талламчаша дехар дина Волгоградерчу шайн белхан накъосташка, "Лада-Приора" машенахь дIавахна 32 шо долу Махмудов Хьасан лохуш гIо де аьлла. "Волга-Каспий" хьостане регионерчу Талламан комитето хаамбарца, 2016-чу шеран Охан-беттан 3-чохь Шела кIоштарчу Гермчигара шен накъост волчуьра араваьлла, дIавахна иза. Цул тIаьхьа цхьанна а гина вац. Лоьхучун тIехьаьжна 30-35 шо ду, 170-175 сантиметар лекха, Iаьржа месаш йолуш. Дехар до иза гинчаьрга, я иза волу меттиг хуучаьрга 8(8712) 62-41-33... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Албанехь мохбегийча велларг 23 ву, лазийнарг 650

Дахначу шинаридийнахь Албанехь мохкбегийча охьахирцинчу гIишлош бухахь бисинарш схьалоьхуш, операци дIахьош бу орцанхой. ТIаьххьарчу хаамашца, мел лахара а 23 стаг ву велларг, лазийна 650 сов вахархо дарбан хIусамашкахь ву. Дуррес олучу портан гIалахь а, Туманехь а иттанашкахь нах бу херцаршлахь буьсуш хIинца а. Луларчу Косовера а, Черногорера а Албанина гIоьнна хьовсийна лерина гIалийн орцанхойн тобанаш Iамийначу жIаьлешца. Еврокомиссионо хаамбарехь, орца кхаьчна Италера а, Грецера а, Румынера а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гергара стаг вийна ша аьлла, Iедална тIевеана Карабулакера вахархо

Карабулакерчу полицин декъе вахна, шен гергара стаг вийна ша аьлла, мукIарло дина меттигерчу 66 шо долчу вахархочо, хаамбо республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша. Карарчу беттан 22-чу дийнахь хилла ду зулам. Кхин дагахь хIума а доцуш, цIеххьана шаьшинна юкъахь дов иккхича вийра ша иза аьлла тIевеанчо. ТIепаза вайначу 53 шо долчу Карабулакерчу вахархочун дакъа карийра полисхошна Юккъера-Ачалкхерчу Оскановн урамерчу цхьана цIа чохь. Бехкечунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна.

Radiomarsho.com 

"ГIалгIайчоьнан хьакъволу журналист" совгIат юкъадаккха дагахь бу депутаташ

"ГIалгIайчоьнан Республикан хьакъволу журналист" цIе ялар юкъадаккха сацамбина ГIалгIайчохь. Регионера журналистика кхиорехь доккха дакъа лаьцначу зорбанехь къахьегначу нахана дIасадоькъур ду и совгIат, яздо REGNUM агенталло. ГIалгIайчоьнан парламентан вице-спикере Светличный Василийга оцу кепара дехар дина мультимедийн журналистикан "Спецкор" школан куьйгалхо Буражев Адама. Иза тешна ву, дуккхаъчу махкарчу журналисташа къахьегна хиларх республика кхиорехь а, дIахIоттарехь а.   Масийтта шерашкахь ситемза регион яра ГIалгIайчоь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Известия": Эльджаркиев хьан вийна къаьстина

Кхин а виъ стаг дIалаьцна ГIалгIайчоьнан экстремизмна дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна тIехула, яздо "Известия" хьостано. Ткъа "Коммерсанто" дийцарехь, батIалхьажойн тобанера пхи стаг ву шеконашка эцна. Ишта "Известияс" чIагIдо, Эльджаркиев верах гIуллакх къаьстина даьлла, Экажево олучу эвларчу батIалхьажин вирдехь болчу наха чIирна дуьхьал вийна иза аьлла. Шайн гергара стаг, хьалханча лаьттина Белхороев ИбрахIим верна Эльджаркиев бехке лорура батIалхьажоша. "Коммерсантан" информацица... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *