Албанехь мохбегийча велларг 23 ву, лазийнарг 650
Луларчу Косовера а, Черногорера а Албанина гIоьнна хьовсийна лерина гIалийн орцанхойн тобанаш Iамийначу жIаьлешца. Еврокомиссионо хаамбарехь, орца кхаьчна Италера а, Грецера а, Румынера а.
Четарш хIиттийна хIусамаш йоьхна, тховкIело йоцуш бисинчу нахана. Косоверчу 300 гергга хIусамо шайн неIарш йиллина бохам беанчу нахана. Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а кийча ю гIо кхачон.
Оцу юкъанна Албанехь тезетан де кхайкхийна 27-гIа, кхаарин де.