"Известия": Эльджаркиев хьан вийна къаьстина
"Коммерсантан" информацица, уггар а хьалха лецира Костоев Гилани. Талламчийн версица, Эльджаркиев вен Iалашо хилла Картоев Къурейш Костоевс шен машенахь тIевалийна хилла. Машенлелорхочо Картоевн а, цуьнан гIоьнчан Арапиев Ахьмадан а цIе яьккхина. Картоев лехамашка велла ву.
Костоевс динчу тоьшаллица, полисхоша талламаш дIабаьхьира Экажевохь иттех цIеношкахь, дIавигира хеттарш дан Картоевн гергара ши стаг а.
Карарчу беттан 2-чохь Москвахь вийна карийра Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а. Академикан Анохинан урамерчу гIишлонна хьалха шайн машенна уллохь и шиъ лаьтташ волчу заманчохь, тIевеанчу стага герз диттина вийра и шиъ. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хиллера зуламхочун BMW X7 машенахь.