ГIалгIайн а, нохчийн латтанаш дIацIандина сапераша
БIаьстаенан юьххьехь долийра сапераша нохчийн, гIалгIайн территореш лоьлхуьйтучу хIуманех маьршаяха. 100 сов сапер вара 1000 гектар юьртабахаман латтанаш цIандан тIеозийна.
"ТIехьа-Мартанара а, Хьалха-Мартанара а, Гуьмсан а, Сунжан а кIошташкахь дуьйчу латташ тIехь а, хьаннашкахь а лелха кхерам болу лоьлхуьйтурш зеназа лелхийтина", - хаамбина Къилбаседа Кавказан тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша.