Лондонехь тIелеттарг набахтехь хан яьккхина ву
Уьрсаца пIераскандийнахь динчу тIелатарехь цхьа зуда а, стаг а дийна цо, чевнаш ян кхиъна кхин а кхаанна. Полисхоша герз тоьхна вийна зуламхо.
"Iедалхошна хууш ду оцу стагах лаьцна, хIунда аьлча, 2012-чу шарахь терроризмца доьзна зулам дина ву иза. Стохка Iай набахтера араваьккхира иза, шен-шен рожехь шайна а тIевогIуш, куьйгъяздар тIе а диллина", - аьлла хаамбина комиссаран гIоьнчас Басу Нейла. Ишта Басус бахарехь, Хан вехаш хиллачу Стаффордширерчу цIийнах а хьоьвсина полисхой.