Эльджаркиев верца доьзна 11-гIа стаг а леци
Хьалхо "Интерфакс" хьостано къадийра, кхин а 20 стаг ву оцу гIуллакхна тIехула лоьхуш аьлла. Карарчу беттан 6-чохь Талламан комитето хаамбира, Эльджаркиев верна бехке хеташ зуламхойн тобанан 6 декъашхо каравеана шайна аьлла.
«Московский комсомолец» гIирсо яздора, лаьцначарлахь Картоев Къурейш зулам динчу меттигера дIавигина хилла машенлелорхо а ву аьлла. Тайп-тайпанчу хаамашца, Картоев я Нохчийчохь, я Туркойчохь лечкъина ву. Дуьненаюкъарчу лехамашка велла иза.
Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Москвахь дира зулам. ГIалгIайн «Э» центран буьйранчица Эльджаркиев ИбрахIимца цхьаьна вийра цуьнан ваша, Москварчу цхьана клиникан лор Iабдул-Ахьмад.
Юристаша бахарехь, цIий Iанийна нах «Э» центрехь хьийзор а, беттанаш хьалха БатIал-Хьажин тIаьхьенах волу Белхароев ИбрахIим вер а доькхуш.