Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 16.12.2019

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (16.12.2019)

Нохчийчохь вайнарг, Венехь лаьцна "теракт дан гIертарш", кегийрхойн юьхь яхар. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Эльджаркиев верца доьзна 11-гIа стаг а леци

ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрехIим а, цуьнан ваша а верца доьзна шеконашца цхьайттолгIа Оздоев Алихан дIалаьцна Москвахь. "Интерфакс" агенталло бина цунах лаьцна хаам, шайн хьостанна тIетевжина. Яхначу буса лаьцна Оздоев талламан изоляторехь чувоьллина ву. Хьалхо "Интерфакс" хьостано къадийра, кхин а 20 стаг ву оцу гIуллакхна тIехула лоьхуш аьлла. Карарчу беттан 6-чохь Талламан комитето хаамбира, Эльджаркиев верна бехке хеташ зуламхойн тобанан 6 декъашхо каравеана шайна аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь вайна Амаев Майрбек

Карарчу беттан 13-чу буса 25 шо долу Нохчийчуьра Амаев Майрбек вайна аьлла, хаамбина социалан машанашкахь цуьнан гергарчу наха. Йолчу информацица, видеокамерас гайтарехь, яхначу пIераскан буса "Яндекс-Таксин" Ford Fjces-2 автомобил чу хиъна, дIавахна Амаев "Японский дворик" ресторана хьалхара. Цул тIаьхьа зIене ваьлла вац иза. Майрбекан гергарчара "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь шаьш хаамбина аьлла полицига. Ишта цара бахарехь, шайн доьзалхочух хилларг хууш дац царна тахана а.

Radiomarsho.com 

Венехь зуламаш дан дагахь хилла аьлла, ши нохчо лаьцна полицино

Нохчийчуьра ши мухIажир теракташ ян Iалашо йолуш хилла аьлла, шеконашца дIалаьцна Австрин полицино, яздо "Kronen Zeiting" газетано. Талламчаша чIагIдо, 25, 31 шераш долу ши жимстаг Венехь Керлачу шеран дезачу деношкахь теракташ ян дагахь хилла бохуш. Винер-Нойштадт​ гIаларчу набахтехь сацийна ши нохчо. Цхьахволчун адвокато Бляшитц Вольфганга хаамбарца, иза бехкево оьккхуьйтучу гIирсах пайда а оьцуш,  Керлачу шеран деношкахь зуламаш дан лерина хиллла аьлла. Ша Iалашвечун цIарах Бляшитца бакъ ца до дохку бехкаш.

Radiomarsho.com 

Хьалха-Мартанарчу кегийрхошкара бехкаш даьхна

Корта бахон молханаш муьйлуш бу аьлла, бехкебинчу Хьалха-Мартанарчу кегийрхошкара бехкаш даьхна Нохчийчохь. КIоштан полисхойн хьаькамо Бацилов Валида меттигерчу къедаца Амерханов Iалуца цхьана бага лейина лецна балийначу кегийрхошка. Видео Инстаграмехь яржийна "ЧП-Чечня" паблико. "Корта бахон молханаш а, хиш а моьлучу кхиазхошца дIабаьхьнарг профилактикан барам бара" мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца аьлла, дIахьедина Бациловс. Кегийрхошца хиллачу цхьанакхетарехь дийцина, оцу молханаша а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Данне а дан хӀума доцуш сагатло цуьнан"

Кху деношкахь Нохчийчоьнна коьртехь волчу Кадыров Рамзана бевзаш болчу болгершца дакъалецира йоца забарен роликашкашкахь. И видеош республикан куьйгалхочо дIахIиттийра Instagram-чу шен агIонехь, яздо Кавказ.Реалиино.

Radiomarsho.com 

Карах йоI елла машенлелорхо кхеле хIоттор ву

Корта бахон малар а мелла, машен хаьхкина воьдучу заманчохь некъахочунна тIе машен тоьхначу Б. Наструддин бехк тIечIагIбина Хьалха-Мартанарчу прокуратурано. Карарчу шеран Гезгмашин-баттахь билгалъяьккхинчу кIоштан вахархочо некъан низамаш а дохош, некъахула дехьайолучу йоIана тIе машен тоьхнера. Йинчу чевнех хьалха ца яьлла йоI кхелхира дарбан хIусамехь. Нохчийчоьнан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, машенлелорхочунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх леринчу тергонца луьстур долуш ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Юучунна уггар а дукха ахча дойучех ю ГIалгIайчоь

Рейтинг агенталлан зерашца, юучунна уггар дукха ахча дойучех ю ГIалгIайчоь – цхьана доьзало доккхучу ахчанах 60 процент кхачана хьажадо цара. Ах бохург санна ахча дIадоьду юучух Дагестанан бахархойн а. КIезиг ахча хьажадо ГIезалойчоьнан бахархоша сурсаташна (22 %). Оццу тептарехь ю Ханты-Мансийск а, Москва а.

Radiomarsho.com 

Могушаллин министралла: Нохчийчохь лоьрийн къоьлла лаьтта

Дарбан хIусамашкахь кеп-кепар говзаллаш йолу лоьраш тоаме болчу регионийн рейтинг вовшахтоьхна Оьрсийчоьнан могушаллин министралло. Цуьнца а догIуш, медикийн кхачо ю Чукоткехь а, Санкт-Петербургехь а, Магаданан кIоштахь а, Къилба ХIирийчохь а, Якутехь а. Лоьрийн къоьлла латтачу мехкашлахь ю Курганан, Псковн, Владимирскан кIошташ а, ишта царлахь нисъелла Нохчийчоь а.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *