Нохчийчохь вайна Амаев Майрбек
Йолчу информацица, видеокамерас гайтарехь, яхначу пIераскан буса "Яндекс-Таксин" Ford Fjces-2 автомобил чу хиъна, дIавахна Амаев "Японский дворик" ресторана хьалхара. Цул тIаьхьа зIене ваьлла вац иза.
Майрбекан гергарчара "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь шаьш хаамбина аьлла полицига. Ишта цара бахарехь, шайн доьзалхочух хилларг хууш дац царна тахана а.