Венехь зуламаш дан дагахь хилла аьлла, ши нохчо лаьцна полицино
Винер-Нойштадт гIаларчу набахтехь сацийна ши нохчо. Цхьахволчун адвокато Бляшитц Вольфганга хаамбарца, иза бехкево оьккхуьйтучу гIирсах пайда а оьцуш, Керлачу шеран деношкахь зуламаш дан лерина хиллла аьлла. Ша Iалашвечун цIарах Бляшитца бакъ ца до дохку бехкаш.