Берлинехь вийна Хангошвили къайлахчу сервисашкахула схьавехнера аьлла Путина
Ишта Путина карладаьккхина, Кавказехь а, Москварчу метро чохь а теракташ дина а ву иза аьлла. "Европан шахьарашкахь маьршша дIасалелаш бу террорхой", - аьлла, билгалдаьккхина Путина, дуьненаюкъарчу терроризмца къийсам латторехь цхьана хила деза аьлла кхайкхамбеш.
Гуьржийчуьрчу Хангошвили Зеламхас тIом бина Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал Нохчийчохь 1999-чу и цул тIаьхьа даьхкинчу тIеман шерашкахь. Биъ бутт хьалха иза вийна Берлинехь. Киллер лаьцна зулам цо динчу муьрехь. Оьрсийчоьно харц паспорт шена кечдина волу «Соколов Вадим» ву иза. Ткъа официалехь билгалъялла яц цуьнан бакъ цIе. Журналисташа бинчу талламаша гайтарехь, цуьнан бакъ цIе Красиков Вадим а ю, ФСБ-н къайлах операцеш ечу декъехь болх бина а ву иза, стаг воьш дуьххьара гучуваьлла а вац. Цхьана хенахь Оьрсийчоьно ша а лехна Красиков, лаца а кхайкхийна, амма хууш доцчу бахьаница тIаьхьо дIаваьккхина лехамийн тептарара.