Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2019

Новости за 19.12.2019

Radiomarsho.com 

Москварчу ФСБ-на тIелатар дина. Лазийнарш а, белларш а бу

Еарин суьйранна вевзаш воцчу стага, хетарехь, Калашниковн автомат йиттина Лубянкерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха. Къайлахчу сервисийн юкъараллаца зIенаш латточу Центро хаамбарца, суьйранна 18:10 минот яьллачу хенахь ФСБ-н гIишло чохь долийна герз детта. Чевнаш йина некъан полисхо Фисенко Илья велла. Могушаллин министраллан информацица, чолхечу хьолехь ву кхин а ши ФСБ-н белхахо. Верриг а лазийнарг пхи стаг ву. Герз детташ гинчара а тIечIагIдина, масех стагна чевнаш йина хиларх. ТIелеттарг кхоъ вара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (19.12.2019)

ЖовхIаран Ельцинца уьйр, "контрабандист" Гуцериев, Путинан конференци (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Бакъонашларъярхой: Оьрсийчоьнан гIоьнца Асадан эскарша тохарш до

ТIаьххьрачу кхаа дийнахь, бусий Шемарчу Идлиб провинцехь пачхьалкхан ницкъаша гIо а деш, оьрсийн авиацино тохарш дина 30 сов стаг вийна. Шеман адамийн бакъонашна тIехь мониторинг латточу центро бина цунах хаам. Оппозицин карахь йисина Идлиб "деэскалацин зонехь" ю, официалехь маслаIатан режим ю цигахь лелаш. Делахь а кест-кеста тийналла йохайо цигахь.   Шинаридийнахь Шеман къилбаседа-малхбузехь пачхьалкхан эскархойх вийна 14 стаг. Герзаш совцош ца хиларна эзар вахархочо шайн хIусамаш дIатесна аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Берлинехь вийна Хангошвили къайлахчу сервисашкахула схьавехнера аьлла Путина

Официалан тIегIанехь а доцуш, къайлахчу сервисашкахула схьавехнера Германехь вехаш хилла Хангошвили Зеламха Оьрсийчоьно аьлла пачхьалкхан президенто Путин Владимира еаридийнахь йоьдучу пресс-конференцехь. Немцойн Der Spiegel хьостан журналисто деллера Берлинехь вийначу Гуьржийчоьнан вахархочух Хангошвили Зеламхех лаьцна хаттар, Оьрсийчоьно иза дIавехна цахилар билгалдоккхуш. Ишта Путина карладаьккхина, Кавказехь а, Москварчу метро чохь а теракташ дина а ву иза аьлла. "Европан шахьарашкахь маьршша дIасалелаш бу террорхой"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Политикан тутмакхийн наной пикете бевлла Путинан конференци йоьдучу меттигна гергахь

"Политикан репрессешна дуьхьал бу наной" боламан декъашхой цхьаалин пикеташка бевлла тахана Оьрсийчоьнан президентан пресс-конференци хIоттийначу Москварчу дуьненаюкъарчу йохкаран Центран гергахь. "Новая газетано" бина и хаам. "Хаттийша президенте: цунна тIекхача гIерта наной мацаллехь буйла хаьий-те цунна?", "Оьрсийчоьно хIаллакбеш бу политикан тутмакхаш. Журналисташ, аш хIунда ца хотту царех?" - тIеязйина плакаташ дара гулбеллачийн карахь. ХIора шарахь а санна, еаридийнахь йолийна дIахьош пресс-конференци... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIедогIучу шарахь 30 эзар мухIажир тIелаца сацамбина Евроберто

Евробертан пачхьалкхаша тIедогIучу 2020-чу шарахь тIелоцур ву 30 эзар сов мухIажир. Доккхачу декъанна, дуьненчуьрчу кризисе йолчу регионашкара бахархой дехьакхалхочу программан гурашкахь билгаляьхна оццул меттигаш аьлла бу Еврокомиссин хаам. Уггар хьалха оцу юкъабогIу Туркойчуьра а, Ливанера а, Иорданера а, Нигерера а, Руандера а мухIажирш аьлла, билгалдоккху мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу ООН-ан лакхарчу комиссаран урхалло. 2015-чу шарера схьа дуьйна, Еврокомиссин зерашца, 65 эзар сов мухIажир кхаьчна Евробертан кеп-кепарчу мехкашка. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Коммерсант": Гуцериевн компани бехкейина контрабанда лелорна

Хьолахочун Гуцериев Михаилан индустрин-финансийн "Самфар" группана юкъа йогIучу "ФортеИнвест" компанин офисех хьовсар, цара Украине нефтан сурсаташ кхоьхьуьйтуш контрабанда лелорца доьзна ду аьлла, яздо "Коммерсанто". Байначу беттан 22-чохь дуьйна бехкзуламан гIуллакх дара чоьхьарчу гIуллакхийн министралло диллина, газетан информацица. ФСБ-н а, дозанал ара йоккхучунна тIера ял оьцучу урхаллан а белхахоша чукхачийна рапорташ бахьанехь бехкаш дехкинера компанина. Цуьнца а догIуш, 2017-2018-чу а шерашкахь Туркойчу хьош ду бохуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Таджикистанехь нIаьнеш летийтар

ТIаьххьарчу хенахь кхузаманан низамаша акхарошца а, дийнаташца а къинхетаме хила декхаревинчул тIаьхьа Таджикистанехь цхьаболу самукъадоккху барамаш къайлах дIахьо. НIаьнеш летийтар а цхьана ду царлахь. Делахь а, Худжан олучу кIотарахь хIинца а дIахьо, ахча юккъе а дуьллуш, наьнеш лоьтуьйту къийсамаш.

Radiomarsho.com 

Алханов: тIом боьдучу заманчохь зIе хаьдда яц Дудаевн а, Ельцинан а

Оьрсийчоьнан президентан Ельцин Борисан а, Ичкерин президентан Дудаев ЖовхIаран а юкъарлонаш дара аьлла нохчийн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана РБК агенталлана еллачу интервьюхь. Цо бахарехь, цу шиннан зIе "цхьана денна а" юкъахъяьлла яц. Алхановс чIагIдо, Оьрсийчоьно Дудаевна гIо деш хилла кхечу пачхьалкхашка ваха-ван а бохуш. "Дудаев муха воьдура кхечу пачхьалкхе? Цуьнан кема Югославехь сацийнера. Ельцина телефон тоьхначул тIаьхьа дIахецна хиллера. Оьрсийчоьно луш бара цунна хIаваэхь лела некъ. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийн дипломаташ махках баьхча юкъаметтигаш денъелла аьлла хета Меркелна

Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха вер бахьана долуш Оьрсийчоьнан дипломаташ Германис бохийча, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш оцу тIехула мел а денъелла аьлла Германин канцлеро Меркель Ангелас, яздо "Интерфаксо". "Дуккха а контакташ го тхуна хIинца", - аьлла Меркела кхааридийнахь бундестагехь хеттаршна жоьпаш лучу хенахь. "Ший а дипломат пачхьалкхера араваккха дийзира, хIунда аьлча, оьрсийн урхаллаш кийча яцара цхьана а агIор накъосталла дан", - аьллачу канцлеран дешнаш далийна агенталло. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Киевехь депутатна кIелоярна бехке лору Нохчийчуьра вахархо

Украинерчу Киев кIоштан кхеташонан депутатна Соболев Вячеславна кIелойинчун цIе яьккхина, яздо "МК" хьостано. Зуламдар вовшахтоьхнарг 25 шо долу Нохчийчоьнан вахархо Абуев Юсуп ву аьлла, даржийна Лакхарчу Радан депутато Мосийчук Игора. Киевн прокуратурано хьалхо кхайкхийнера Оьрсийчуьра вахархо хила тарло бехке аьлла. Талламчашна гергарчу хьосташа чIагIдо, Соболевн машенна герз тоьхна Лаврегу снайпер Абуевс лаьцна хилла бохуш. Нохчийчуьра схьаваьлла Абуев Юсуп Киевхь вехаш вара. Кхелан реестрехь а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-гIалахь даьгначу цIа чохь ши зуда а, цхьа жимстаг а карийна

92, 68 шераш долчу шина зудчун а, 21 шаре ваьллачу жимчу стеган а декъий карийна Соьлжа-гIаларчу Октябрьскан кIоштахь даьгначу цIа чохь. Кхаарин Iуьйранна итт сахьт даьллачул тIаьхьа Орцуевн цIарахчу урамехь хIусамах цIе кхарстарх яздира Маршо Радионо. ЦIе яйинчул тIаьхьа орцанхоша арадаьхна цIа чуьра баьгначийн декъий. Талламан комитетан белхахоша талламаш болийна цу бохамна гонах. Белхаш бирзинчул тIаьхьа довзуьйтур ду цара шайн жамIаш.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *