Политикан тутмакхийн наной пикете бевлла Путинан конференци йоьдучу меттигна гергахь
"Хаттийша президенте: цунна тIекхача гIерта наной мацаллехь буйла хаьий-те цунна?", "Оьрсийчоьно хIаллакбеш бу политикан тутмакхаш. Журналисташ, аш хIунда ца хотту царех?" - тIеязйина плакаташ дара гулбеллачийн карахь.
ХIора шарахь а санна, еаридийнахь йолийна дIахьош пресс-конференци ю Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран. 1700 журналист ву цигахь дакъалоцуш.