ТIедогIучу шарахь 30 эзар мухIажир тIелаца сацамбина Евроберто
2015-чу шарера схьа дуьйна, Еврокомиссин зерашца, 65 эзар сов мухIажир кхаьчна Евробертан кеп-кепарчу мехкашка. Уьш тIеоьцучу пачхьалкхна Евробертан бюджетера хIора мигрантах 10 эзар евро ло гIоьнна. ТIаьххьарчу шерашкахь Африкера а, Гергарчу Малхбалера а иттаннашкахь эзарнаш нах баьхкина Европе тховкIело еха.
Царех дуккхаъ хIаллакхилира Дуьненаюкъарчу хIордах дехьабовлучу хенахь. Масала, кху шарахь велла 400 стаг, бераш а цхьана.