Киевехь депутатна кIелоярна бехке лору Нохчийчуьра вахархо
Талламчашна гергарчу хьосташа чIагIдо, Соболевн машенна герз тоьхна Лаврегу снайпер Абуевс лаьцна хилла бохуш.
Нохчийчуьра схьаваьлла Абуев Юсуп Киевхь вехаш вара. Кхелан реестрехь а, официалан базашкахь информаци ю цунах лаьцна. Масийттазза полисхойн каравеанера иза, дукха хьолахь, некъаш тIехь машен маса хоьхкуш хиларца. Кху шеран Лахьан-баттахь дуьйна зуламхойн тобанан декъашхо а ву, нах лечкъош, нуьцкъала ахчанаш даохуш хилла цо аьлла, лехамашка веллера Абуев.
«Dетектив-Info» хьостан информацица, Евробертан цхьахйолчу пачхьалкхехь лечкъина хила тарло Абуев Юсуп.
Карладоккху, кху беттан 1-чу дийнахь бевзаш боцчу наха герзаш диттинера депутат Соболев Вячеславан машенна. Цуьнца цхьана хилла кхо шо долу цуьнан кIант велира. Депутат дийна висинера.