Москварчу ФСБ-на тIелатар дина. Лазийнарш а, белларш а бу
ТIелеттарг кхоъ вара, ткъа хадархошца тасадаларшкахь ши зуламхо вийра аьлла, яздира юьхьанца "Москва" агенталло. Иштта церан версица, кхоалгIачо ара а иккхина, ГИБДД-н белхахо вийна, гIишлонна дуьххьал лаьтташ хилла. Цул тIаьхьа 300 метар вада аьтто баьлла, цхьана цIа чохь къайлаваьлла хилла иза. ТIекхиъначу ницкъахойн каяьлла иза вен.
ТIаьхьо ФСБ-н пресс-гIуллакххоша Iорадаккхарца, тIелатар динарг цхьаъ ву, ФСБ-н гIишло чу кхача аьтто ца баьлла цуьнан.
Цхьана ханна Москвахь "Сирена" план а йолийна, Лубянкина гонахара масех урам дIа а лаьцна, лаьттира герзаца болу нах.
Кхерамзаллан органийн белхахошна леринчу концертехь Кремлехь Оьрсийчоьнан президент вистхуьлучу заманчохь иккхина инцидент, "Интерфаксон" информацица.