Никотин лоьху Нохчийчохь полицино а, наркотикашца къовсам латточу урхалло а
![Никотин лоьху Нохчийчохь полицино а, наркотикашца къовсам латточу урхалло а](https://gdb.rferl.org/6AC065E2-685F-4EE0-B6E1-44C95ECC3450_cx4_cy13_cw86_w800_h450.jpg)
Керла шо тIехIуттушехь дIайолийна Нохчийчуьрчу полицино а, наркотикашца къовсам латточу урхалло ашаьш юкъахь дIахьочу рейдин керла кеп – никотин шайца долу коьчалш базар ечаьргара дIалехьор. Оцу хьокъехь хаам баржийна юхкучу сурсаташна тIехьожучу хьукматан (Роспотребнадзоран) махкарчу урхалло.
Еарийдийнахь, оцу хьукматан пресс-гIоьнчалло бахарехь, туьканаш, базарш талла арабевллачу полисхошна карийна никотин шайца долу 112 юхку хIума – насвай, снюс. Уьш нахера дIаяьхна, кхеле хьажийна бехктакхаман 6 материал.