Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 03.01.2020

Radiomarsho.com 

Угаре деза ду Соьлж-ГIалахь хIоттийна Керлачу Шеран база – 26 миллион сом

Къилбаседа Кавказехь Керлачу Шарна хIиттийначу базанех уггаре дезаниг ду Соьлж-ГIалин юккъе хIоттийнарг – цунах даьлла 26 миллион сом. Пачхьалкхан урхаллаша ахча дайар гойтучу сайт тIе а тевжаш, и хаам баржийна «Акценташ» цIе йолчу аналитикан центран портало. Массарел а дукха ахча базанех делла Нохчийчоьно, ГIалгIайчоьно, ГIебарта-Балкхаройчоьно, Ставропол-махко. Миллион соьмал сов базанах мах белларш ю 9 гIала, шайлахь Несара а, Магас а йолуш. Краснодарерчу Сочехь а, коьртачу шахьарахь Краснодарехь а эцначу базанех делла 3,5-4 миллион. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчо лаьцна «Чермен» постехь

36 шо долу Нохчийчоьнан вахархо лаьцна полисхоша ХIирийчу боьдучу новкъа тIерачу «Чермен» шех олучу федералан хан постехь, хаамбина тахана Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Къилбаседа Кавказерчу урхаллин пресс-гIоьнчалло. Цо дийцарехь, низамхоша зуьйш сацийна ночочун машен, гучудаьлла иза ядийна хилар а, ГIезалойн махкахь лохуш хилар а. ХIирийчуьрчу Пригородни кIоштарчу полицин каравелла лаьцнарг.

Radiomarsho.com 

Туркойчоьнан парламенто магийна Либе эскарш дахийта

Туркойчоьнан Сийлахь-Йоккхачу къоман кхеташоно еарийдийнахь къобалдина Либе эскарш дохуьйту низам. Депутаташа кхаьжнаш тосуш тергамбира "ХIуьрриет" газето. Оьрсийчоьно оцу махкахь агIолаьцначу инарлин ХIафтар Халифин тIемалошна дуьхьалхIуьттур ду туркойн эскарш. "Созджу" газето бахарехь, Дуьненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино къобалъечу Либин Къоман Бертан Iедалан ницкъашкара эскархой Iамор бу туркойн говзанчаша. Прессо дийцарехь, Либе кеманашна дуьхьалоен тIеман гIирс хьажо а дагахь ю Туркойчоь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Никотин лоьху Нохчийчохь полицино а, наркотикашца къовсам латточу урхалло а

Керла шо тIехIуттушехь дIайолийна Нохчийчуьрчу полицино а, наркотикашца къовсам латточу урхалло ашаьш юкъахь дIахьочу рейдин керла кеп – никотин шайца долу коьчалш базар ечаьргара дIалехьор. Оцу хьокъехь хаам баржийна юхкучу сурсаташна тIехьожучу хьукматан (Роспотребнадзоран) махкарчу урхалло. Еарийдийнахь, оцу хьукматан пресс-гIоьнчалло бахарехь, туьканаш, базарш талла арабевллачу полисхошна карийна никотин шайца долу 112 юхку хIума – насвай, снюс. Уьш нахера дIаяьхна, кхеле хьажийна бехктакхаман 6 материал.

Radiomarsho.com 

ГIажарошлахь уггаре беза ларалучу инарлех вара Iамерко вийна Сулеймани Касем

«Исламан революцин гIаролхоша» арахьа дIахьочу тIеман барамех жоп лучу «Къудс» декъан буьйранча, инарла Сулеймани Кассем вийна пIераскана, БагIдадан аэропортехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн кеманашца дIаяьхьначу операцехь. Хилам уггаре хьалха бовзийтинарг ю Иракъан пачхьалкхан телегойтийла. Пентагоно а ца лечкъадо тIеман бараман да ша хилар - президентан Трампан омрица дIабаьхьина иза, аьлла Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарийн векало. Сулейманица цхьаьна вийна ТехIерано гергарло лелочу... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *