Байначу баттахь Соьлжа-гIалахь вайна шен кIант цIавеана аьлла, орца дехначу нанас
"Шен накъосташца цхьанхьа садоIуш хилла иза. Ницкъахойн карахь вара сан кIант аьлла, и информаци стенгара яьллера хууш яц со. Коьртаниг- сан кIант могуш-маьрша, шен цIахь ву. Сагатдарна Дела реза хуьлийла шуна", - аьлла нанас.
Муьлхарчу дийнахь цIа веана шен кIант ца дийцина Тоитас, кхин тIех даьккхина къамел а ца дина цо.
Карарчу беттан 7-чохь Ватсапан мессенджерехула орца дехнера Хамурзаев Шамханан нанас Тоитас, байначу беттан 26-чу дийнахь дуьйна кIантера кост ца кхочу шега, мехкан куьйгалхочуьнга дIакхачахьара шен аудио аьлла.
Нанас дуьйцура, шен кIант Шамхан, кхаа беран да, байначу бетан 26-чу суьйранна араваьллачул тIаьхьа юха ца веана бохуш. "Хьан вигина, хIунда вигина, стенга вигина хууш дац. Тхоьга цунах жоп луш стаг а вац", - бохуш, дIахьедора нанас.
Шен кIант ламазца, мархица а вара, гIуллакх доцчу гIертар волуш а вацара, хьанал сом доккхуш вара бохуш, дуьйцура Тоитас.
"Кавказский узел" агенталлан корреспондент зIене ваьлча, нанас хаамбира, шен кIант волу меттиг билгалъяьлла, иза гар а хилла шайн аьлла. Кадыров Ахьмадан полкан декъехь латтош ву иза аьллера цо. Керлачу шеран мукъаденош чекхдевллачул тIаьхьа цхьацца хеттарш а дина, цунах йист йоккхур ю аьлла шайга бохура хIетахь нанас.