Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 10.01.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (10.01.2020)

Вайнарг карийна, лаьцнарг дIахецна, нохчий къинтIера баьхна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

Нохчийн синбахамаллин министр: "Неханиг ца оьшу, вешаниг дIа а лур яц"

Нохчийн фольклор а, историн турпалхой а шайна дIаберзо гIерташ масалш хаалахь, царех лаьцна материал шега схьакхачае аьлла, Соьлжа-гIаларчу халкъан кхоллараллин Центран директорна Даудов Рамзанна а, доьшийлийн декъан хьаькамна Цуруев Шарипна а тIедиллина мехкан културан министро Дааев Хож-Бауддис. "Эзарнашкахь шерашкахь лаьттинчу исторех йозу нохчийн фольклор Iаламат юьзна ю. Халкъан иллеш, назманаш, легендаш, дийцарш, туьйранаш, балладаш, забарш, ишта кхи дIа а. Къаьсттина мехал ю вайна "халкъан" аьлла, билгалъяьхнарш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Канадин премьер-министр Трюдо: Украинан кема чудаийтина Тегерано

Канадин премьер-министра Трюдо Джастина ГIажарийчоь бехкейина кхаарийдийнахь Тегеранна гергахь Украинан Боинг ракета тоьхна чудожорна. «Кема гIажаройн ракето дохийна хиларх лаьцна дуккха а хьосташкара тоьшаллаш ду тхоьгахь. Тарло иза гIалатбевлла дина хила а», - дIахьедина Трюдос. Шен махкара 63 стаг а леш, хилла бохам кIоргга талла беза, аьлла Канадин куьйгалхочо. Трюдона тIаьххье дIахьедина изза Британин премьер-министра Джонсон Бориса а. «Массийтта агIонера кхаьчна информаци ю, кема гIажаройн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь Соьлжа-гIалахь вайна шен кIант цIавеана аьлла, орца дехначу нанас

Байначу беттан 26-чохь Соьлжа-гIалахь вайна шен 36 шо долу кIант Хамурзаев Шамхан цIавеана аьлла, хаамбина цуьнан нанас Тоитас. "Кавказский узел" агенталло яздарехь, шен вайна кIант Старопромыслан кIоштарчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкехь карийна аьлла, хьалхо дина дIахьедар а юхаэцна нанас. "Шен накъосташца цхьанхьа садоIуш хилла иза. Ницкъахойн карахь вара сан кIант аьлла, и информаци стенгара яьллера хууш яц со. Коьртаниг- сан кIант могуш-маьрша, шен цIахь  ву. Сагатдарна Дела реза хуьлийла шуна", - аьлла нанас. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шамсутдиновна тIехь ницкъбинарг Iораваьккхина талламчаша

Забайкальерчу салтичо Шамсутдинов Рамила бархI эскархо вийначу тIеман декъехь уставца догIуш доцург лелийна аьлла, шеконаш тIеэгначуьнан цIе яьккхина Оьрсийчоьнан Талламан комитето. "Ведомости" газетан хаттарна жоп а луш, комитето дIахьедина Мухатов Рустамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина шаьш аьлла. Байначу беттан 17-чохь URA.RU портало хааме даьккхира, кIентан деца къамел хиллачул тIаьхьа, Шамсутдинов "дедовщина" аьлла, луьстучу гIуллакхехь зен хилларг ву аьлла, сацамбарх. Шайна тIехь Iазапаш леладора аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЦIера дIасавалар а доьхкуш, лаьцначуьра дIахецна Харьковн кхело Илаев (+видео)

Оьрсийчоьнан Талламан комитето дIавоьху Нохчийчуьра вахархо Илаев Амхьад маьршаваьккхина Харьковерчу Октябрскан кIоштан кхело Оьрсийчу экстрадици  ян Iалашонца лаьцначуьра. "Кавказ.Реалии" редакцин доларчу документан копи тIехь бовза йиш ю кхелахойн сацам. Украинани парламентан 8 депутато а, адвоката Ангелин Ивана а чуделлачу дехарна жоп делла кхело. ТIейогIучу хенахь сарахь 8 сахьт даьлча Iуьйранна бархI даллалц ша вехачу хIусамера дIасавалар дихкина цунна. Билгалдоккху, Украинерчу миграцин хьукмато тховкIело ца еллера мухIажирна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кремлна шайн мохь хазийта гIерта политикан тутмакхийн наной

"Политикан репрессешна дуьхьал бу наной" цIе йолчу боламо Москварчу мэрига дехар дина, политикан тутмакхийн агIо лоцуш кху бетан 25-чохь урамехула дуьйладелла чекхдовла, шайна бакъо ло аьлла. "Новая газетане" хаамбина цунах, акци вовшахтоха гIертачара. Тутмакхийн конституцин бакъонаш Iалашъяр, политикан бух тIехь лаьцнарш маьршабахар, политикан репрессеш лелор сацор а тIедожон Iалашонца акци дIаяхьа лерина бу жигархой. "Iедалца ма-хуьллу диалоге довла гIерта" шаьш аьлла, билгалдаьккхина боламан декъашхоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровна а, Даудовна а тIетайна оппозицин блогер Тумсо

Къилбаседа Кавказан республикашна юкъарчу латтанашна тIехула гIаттийначу къийсамехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIехIоьттина нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо. "Дербент" агенталло бина цунах лаьцна хаам. Кху беттан 5-чохь Ютюберчу шен эфирехь блогеро дIахьедира, 2018-чу шарахь ГIалгIайчоьнан урхалло нохчийн дола даьккхина латта Нохчийчоьнера дIадаьккхина дара "кIелдIахула", цигахь тIемаш боьлхучу шерашкахь аьлла. Ишта Абдурахмановс емалбина, лурчаха латтана тIехула хиллачу бертана дуьхьалбевлла гIалгIайн жигархой а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЦIерпошт – шапсугийн эвлашкахула

Хутова Заира Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира, ша Къилбаседа Кавказе веъча, билгалъяккхира «стратегин Iалашо», Сочина гергара, Iаьржачу хIордан йистонца Iуьллучуьра дIа а баьккхина, чоьхьа оза беза аьчкан некъ, аьлла. Президента аьлларг кхочушдахь, керла некъ хир бу чергазех болчу шапсугийн ярташкахула чекхболуш – ткъа оцо зен дийр ду ишта а жимма бен дисина доцчу къомана, боху юкъархоша. Сочера хьаькамаш вуно реза бу Путина аьллачунна – лаьа царна ма-хуьллу сиха некъ шаьш долучуьра дехьабоккхийла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туристаша лело дезачух а, церан духар муха хила деза а хаийтина Iедалхоша

Туристаша регионехь лело дезачух а, царна тIехь хила дезачу духарх а хоуьйтуш Нохчийчохь кехаташ арахецна туризман министралло. "ГIалийн а, яртийн урамашкахь бусулба динан ламасташца догIу духар доьхна а, кху заманца догIучу хотIца а зударий гойла ду. Делахь а, цхьалха, маьттаза духарца лела мегар дац. Принцип муха ю хьуна аьлча: оьзда мел лела, атта хир ду царна Нохчийчохь", - аьлла, кхетийна туризман министраллан векало туристашна лерина даржийначу документех. "Шорташца" а, пхьуьйшаш доцчу кучамашца арахь лелар а доьхкуш ду божаршна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Оьрсийчоьно гечдар дехна нохчийн къам махках даккхарна

1944-чу шарахь Сталин Иосифа къам махках даккхарна Оьрсийчоьно гечдар дехна нохчашка аьлла, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Нохчийн къомана бехкбоцуш депортаци йина хилар билгалдоккхуш, Оьрсийчоьнан урхалло къинтIера довлар дехна", - яздина Кадыровс "ВКонтактерчу" шен пена тIехь, нохчийн къоман пачхьалкхалла юхаметтахIотторца шен декъалдарехь. Оцу юкъанна юха а неIалт кхайкхийна цо Сталинна. "Ас юха а боху – неIалт хуьлда Сталин Иосифна, нохчийн къомана тIехь ницкъбарна. Читать дальше...


В столичных отделениях Соцфонда перестали выдавать СНИЛС

Посол Германии вернется в Москву

Путин объяснил, почему решил поменять министра обороны посреди СВО

В Чехове на торгах зафиксировали рекордную стоимость участка для ведения ЛПХ



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Ecoplatform и Самолет продолжат свою совместную экологическую инициативу

Алип сыграет? "Зенит" сделал объявление

С севера – на берег: премьера бара Padron

Путин объяснил, почему решил поменять министра обороны посреди СВО

Музыкальные новости

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о поддержке организаций и ИП в Белгороде

Новые городские проекты в сотрудничестве с парком Юрия Лужкова готовит Фонд Юрия Лужкова

Юрист Лебедева: законы о работе онлайн-магазинов в России необходимы уже давно

Таунхаусы в Подмосковье за год подорожали в среднем на 6% — до $258,9 тыс

Новости России

Актер Тимофей Трибунцев рассказал, как согласился сняться в сериале «Дядя Леша»

«Не придется ездить в Москву»: в Казани открыли центр для людей с тяжелыми болезнями кожи

Суд получил ходатайство о продлении ареста фигуранту дела о теракте в "Крокусе"

У безработного новосибирца под угрозой пистолета отобрали 7 млн рублей

Экология в России и мире

Армяне России поддерживают движение «Тавуш во имя Родины»

Бурятский госцирк представил новое руководство: Театр и цирк, Россия и культура, дети

Участники Всероссийской олимпиады школьников по математике выбрали Marins Park Hotel Нижний Новгород

Дети из Узбекского землячества Бурятии увидели театр кукол «Ульгэр»: Россия и Культура

Спорт в России и мире

Кто транслирует бой Табило против Джоковича на турнире Rome Masters 1000?

Теннисист Медведев может спуститься на пятое место в ATP после "Мастерса" в Риме

Соболенко вышла в полуфинал турнира WTA в Риме

Без защиты: как Медведев и Хачанов проиграли свои матчи в Риме

Moscow.media

Столичные росгвардейцы задержали мужчин, подозреваемых в хранении наркотиков

Роботы-курьеры «Яндекса» будут доставлять заказы в ещё нескольких районах Москвы

«Байкал Сервис» открыл новый терминал площадью почти 4500 кв. м на юго-востоке Москвы

Танцы с ветром....







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *