Кремлна шайн мохь хазийта гIерта политикан тутмакхийн наной
Тутмакхийн конституцин бакъонаш Iалашъяр, политикан бух тIехь лаьцнарш маьршабахар, политикан репрессеш лелор сацор а тIедожон Iалашонца акци дIаяхьа лерина бу жигархой.
"Iедалца ма-хуьллу диалоге довла гIерта" шаьш аьлла, билгалдаьккхина боламан декъашхоша.
Масийттазза президенте а бевлира уьш, дукхазза цхьааллин пикеташ дIаяьхьира, мацалла кхайкхийра, хIетте а ца хеза уьш.