Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Кадыровна а, Даудовна а тIетайна оппозицин блогер Тумсо

Къилбаседа Кавказан республикашна юкъарчу латтанашна тIехула гIаттийначу къийсамехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна тIехIоьттина нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо. "Дербент" агенталло бина цунах лаьцна хаам.


Кху беттан 5-чохь Ютюберчу шен эфирехь блогеро дIахьедира, 2018-чу шарахь ГIалгIайчоьнан урхалло нохчийн дола даьккхина латта Нохчийчоьнера дIадаьккхина дара "кIелдIахула", цигахь тIемаш боьлхучу шерашкахь аьлла.


Ишта Абдурахмановс емалбина, лурчаха латтана тIехула хиллачу бертана дуьхьалбевлла гIалгIайн жигархой а. Нохчийчоьнан Iедалхой бакъ буй хуушшехь, хIетте а шайчунна тIера ца бовлу уьш аьлла, тешна ву оппозиционер.


2018-2019-чу а шерашкахь дIаяьхьначу протесташа Европерчу нохчийн-гIалгIайн диаспорашкахь а юкъаметтигаш эгIийна боху Абдурахмановс.


Шен эфирехь хьахийна Тумсос Нохчийчоьнан Дагестанца иккхинчу конфликтех а. Цо бахарехь, Кадыров Рамзан а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а урхаллехь лаьтта Iедал "100%" бакъ ду оцу хаттар тIехь.


"Дагестанан цхьа а таро яц дуьхьал дош ала, нагахь санна, КадыровгIар тахана шайна тIебагIахь а, ах Дагестан дIалацахь а, церан хIуммаъ олийла дац, хIунда аьлча, дахначу бIешерийн а, кху заманан а харцо - Аухан хаттар лаьтташ хиларна", - аьлла Абдурахмановс.


ГIалгIашца хиллачу къовсамехь Даудовс аьлларг а тайна Тумсона. Новолакан кIоштан де даздечу бараме гIалгIайн хелхаран ансамбл яхар тIехтоьхнера спикеро гIалгIашна. Цунна хетарехь, Ауховн кIоштарчу нохчашна депортаци яр даздар дара иза.


 


 


 

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *