Францера «нохчийн спорт»
![Францера «нохчийн спорт»](https://gdb.rferl.org/039a5628-527b-4d01-a8f1-70f147aeb233_tv_w800_h450.jpg)
Тамаше делахь а, Францехь латархой кхиош йолу клубаш кхоьллинарш а, цигахь толамаш боху атлеташ а доккхачу декъанна, нохчий бу. Кест-кеста нисло мехкан спортан лаккхрчу тIегIанашкахь а тIехь хьалхара меттиг къовсучу нохчочун партнер а изза нохчо хуьлуш! Цундела олу Францехь охьатохарх латархойн спортах «нохчийн спорт». Маршо Радионо йовзуьйту Ницца гIалахь джиу-джитсу Iамош йолу «Легион» клуб а, цигара спортхой а.