Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2020

Новости за 14.01.2020

Radiomarsho.com 

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (14.01.2020)

Германехь "нохчийн исламисташ" дIалуьйцуш бу, Тешан аьшпаш гучубаьхна адвакато, Нохчий ца хьовса Оьрсийчоьнан филмашка (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Radiomarsho.com 

"Верас оьшу – таксист елахь а, зуда ма юй иза, цунах жоп дала деза»

Ацаев Бека Муха беш ю шен болх Нохчийчуьра зударийн такси Нохчийчуьрчу зударшна лерина «Мехкарий» такси юкъаелира стохка бIаьста. Совдегаралла а, инновацеш а шоръян коьллина йолу Заед Шайхан фонд яра оцу проектана ахчанца бух биллинарг. Пхи машен яра юьхьанца таксопаркехь. Ткъа тахана яц йиъ бен – хала ду зеделларг долу зударий-машенлелорхой каро. Дов а до, баркалла а олу Интернетехула зударшца тасаделлачу къамело яьккхира ша керлачу новкъа, боху таксопаркан директора Цакаева Мадинас. Цуьнан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Окуева Амина ерца доьзна стаг лаьцна Украинехь

Шайн лаамехь тIаме хIиттинчу бIаьхойн «Киев-2» батальонан декъашхо Окуева Амина йийнарш лоьхучу Украинерчу полицино лаьцна зуламна бехке хила тарлуш волу стаг. Полицин векалша дийцарехь, цуьнан дегIан тIум (ДНК) юьззина йогIуш ю Окуева юьйш диттинчу герза тIерачу куьйгийн томмагIца.

Radiomarsho.com 

Алхан-Юьртахь дина тIай доладерзорна Кадыровн фонд бехкейина блогеро Тумсос

Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос арахецна Алхан-Юьртахь Мартан хи тIехула тесна тIай схьаделларх лаьцна дуьйцуш шен видео. Цо дийцарехь, тIай дина цу юьртахь бехачу МагомадогIеран доьзало. Амма Нохчийчьурчу официлан зорбан гIирсаша хаам бина, тIай деш харж йинарг Кадыров Ахьмадан цIарх фонд ю аьлла.   Алхан-Юьртара тIай динарш меттигера бахархой хиларан тоьшаллаш даладо Кавказ.Реалиино а.

Radiomarsho.com 

Германехь дIалуьйцуш бу "нохчийн исламисташ"

Берлинан инарлин прокуратуро бинчу хаамца, Германерчу маситта гIалахь "нохчийн исламистийн" цIийнех хьажар дIахьош ду полицино уьш теракт ян кечлуш хилла аьлла шеко йолуш. И дIахьедар арахецна прокуратуро твиттерехь йолчу шен официалан агIонехь. Цу тIехь аьлла ду, "пачхьалкхана дуьхьал вуно луьра акт ярна" шеконехь бу "исламистийн гонашкара"  Нохчийчуьра схьабевлла нах, аьлла.     Инарлин прокуратуро иштта хаам бина, талламаш дIахьош хиларх лаьцна Берлинехь а, Бранденбургехь а, Тюринги а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а регионашкахь а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Францера «нохчийн спорт»

Тамаше делахь а, Францехь латархой кхиош йолу клубаш кхоьллинарш а, цигахь толамаш боху атлеташ а доккхачу декъанна, нохчий бу. Кест-кеста нисло мехкан спортан лаккхрчу тIегIанашкахь а тIехь хьалхара меттиг къовсучу нохчочун партнер а изза нохчо хуьлуш! Цундела олу Францехь охьатохарх латархойн спортах «нохчийн спорт». Маршо Радионо йовзуьйту Ницца гIалахь джиу-джитсу Iамош йолу «Легион» клуб а, цигара спортхой а.

Radiomarsho.com 

Думо амнисти ян мега Нохчийчохь тIом бинчу тутмакхашна, амма нохчийн тIемалой царна юкъахь бац

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Иванов Сергейс низаман проект кечйина Германица хиллачу тIамехь толам баьккхина 75 шо кхочуш амнисти кхайкхорах лаьцна. И документ арахецна Пачхьалкхан Думан сайта тIехь. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но.   Цу низаман проектца а догIуш, набахташкара а, колонешкара а дIахеца богIуш бу дуьххьара хан тоьхна болу тайп-тайпана зуламаш дина тутмакхаш. Царна юкъахь бу Нохчийчохь тIом бина нах а. Нохчий тIемалой царна юкъахь бац.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь дIоггара ца хьовсу Оьрсийчохь хазахеташ тIеоьцучу киношка

Нохчийчуьрчу культуран министраллан кинематографин урхаллан куьйгалхочо Зурбеков Зелимхана дийцарехь, Оьрсийчохь дуккха хьовсархой боьлху киношка дIоггара ца хьовса республкера бахархой. Цо бинчу хаамца, нохчашна хазахета кхераме хӀуманаш (гӀуллакхаш) лелорах лаьцна йолу фильмаш а, ткъа иштта комедеш а.   Цу кепара Шипенко Клима яьккхина "Холоп" комеди юкъахь ю Нохчийчохь уггар дукха ахча гулдинчу киношна. Цуьнца цхьана "Т-34" цIе йолу тIамах лаьцна кинога дIоггара ца хьаьжна нохчий, Оьрсийчохь цо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийн мотт бу баьржаш Шемахь

Ингалсан а, францойн а меттанаш санна, арахьарчу меттанийн тIегIанехь хьеха болийра Шемарчу школашкахь оьрсийн мотт 2014-чу шарахь. Оцу хенера дуьйна схьа и мотт Iамо буьйлабелларш бу 24 эзар нах.

Radiomarsho.com 

Псковерчу десантхошна тIелатар кхелехь къастош теш гучуваьккхина аьшпаш боттарна

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна тIелатар дарна бехке вечу Дудиев Нажмуддинан а, Донашев ИбраьхIиман а адвокаташа гучубахна теш ву аьлла бехктакхаман гIуллакхна юкъаозийначу Малофев Александран аьшпаш. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело". Дечкен-беттан 13-хь Къилбан гонан тIеман кхело дIадаьхьира Донашевн а, Дудиевн а гIуллакх къастор. Цу шина стагана бехке дуьллуш ду бандитизм лелор а, тIеман гIаттамехь дакъалацар а, Оьрсийчоьнан тIемангIуллаккхой байа гIортар а. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *