Нохчийн культуран денош дуьйлалуш ду Шарджехь
Цу фестивалана юкъахь хьовсархошна концерт гойтур ю республикерчу пачхьалкхан "Нохчо" хелхаран тобано, ткъа илланчийн тобано хозуьйтур ду нохчийн эшарш а, иллеш а. Цул сов, Шарджехь дIахьур бу нохчийн халкъан говзанчаша куьйга йинчу хIуманийн гайтам.
Шарджа уггар яккхийчерах кхоалгIа гIала ю Эмиратийн. Цигахь вехаш ву 1 миллион гергга стаг. Нохчийн куьлтуран денош дIадоьрзур ду кху беттан 21-хь.